Ахьчул доггах хьехам бала
Цхьа а варий, да́да?
Ахьчул мерза кха́ча бан а
Цхьа а йарий, на́на?
Кӏентийн ойла-м, тӏе́маш айба
Хьаьгна, хьийза а́рахь.
Шун хебаршка йижна гӏайгӏа
Айкх ма йуьйлу царна.
Молла кхойкхуш, ла́мазна а
Уьш дӏагулло бертахь,
ӏийдан де а, хьа́ша санна,
Ло́ру хӏо́ра кертахь.
Амма не́нан гӏийла кхийлам
Бицло, цунна херлуш.
Не́нехула да́с хьахийна
Дерг а дуьсу эрна.
Довш ду техьа, доьзал аьхна
А́ганара буссуш,
Луцаш санна, къайлах даьхна
Ирса декъах дустарш?
Дуьхьалхӏотта хьуний, де́ний
Йуьхь йара-кх сан, на́на.
Сох цӏе хоьттинчу тӏаьхьено
Хӏун лелор те кха́на?