Цкъацкъа гочйина произведени оригиналал гӏолехь ю олуш хезна суна, амма иза бакъхила йиш ю ала хала ду, нагахь и гочйина произведени шен оригиналехь боккъал а дика произведени хиллехь, хӏунда аьлча хьан маттахь (ахь гочйинчу) хьуна а гергахь хета и произведени, шен оригиналан болчу маттахь кхин а улора, кхин а хьоме, кхин а гергара хила йогӏу. Хьайн маттахь яьккхинчу произведенехь хьуна дикахетарг, – иза хьуна кхеташ хилар ду, хьан маттахь язйича санна я ахь айхьа язйина.
Цигахь уггар а коьрта – мотт бу, гочдархочунна хууш болу.
Бакъ а долуш, шен къоман ӏадаташца, амалца, цуьнан туьйранашца, шен къоман дахарца вехаш волчу стаге бен, кхечу меттан дика произведенеш шен матте а яхалур яц, цу произведенехь хилла забар а, халахетар а, синкъерам а шен меттан гӏиллакхаш а деш. Мотт хаарал сов, гочдархочунна оьшург – адамаллин амал ю, муьлххачу хьолах кхета къинхетам а болуш шеца.
Стаг вовзар – цу стагах кхетар ду, иза мила ву а хууш. Иштта ю произведени а.
Ша поэт вуйла хууш волчу поэтана дукхавезаш цхьацца поэт хуьлу, шен синна а, амална а, ойланна а герга а хеташ, мел ширачу заманахь и поэт ваьхнехь а, иза хӏинца шеца вехаш санна, ша вехачу заманахь – ойланаш чӏогӏа цхьаьна уьй, аз хаза а ца дезаш.
Сан – прозаикан – дуккха а шерашкахь «мостагӏалла» хилла И. Бунинца, Э. Хемингуэйца, И. Бабельца, Ю. Казаковца, Х. Борхесца, церан тоьлла-тоьлла произведенеш бахьна долуш, аса язйина хилла езаш йолу, цара а ца язъеш.
Шех террачуьнца бен ца хуьлу стеган яхь: къонахчун – къонахчуьнца хуьлу, поэтан – поэтаца. Суна чӏогӏа мерза ду Абдулаев Лечин Испанерчу поэташца кхолладелла «мостагӏалла», цо цаьрца буьйцу нохчийн мотт а.
Лечин мотт чомехь а бу, хьан сина кхачо еш.
Сайн аьлларг кху махкахь дӏадаха цхьа таро хилча, ас Леча чувуллуьйтур вара, набахтехь къу санна, юьстахо йолчу цхьана хӏусамехь мел оьшург цунна дӏа а делла, стаг тӏекхача аьтто а боцуш, наггахь почта кхачар бен, цо гочйина произведенеш вайх схьатоха.