Цо сих ца луш духура шена тӏе барзакъаш, цкъа цхьаннан, тӏаккха вукхуьнан, гӏехь хуьлу я ца хуьлу хьоьжуш, шен жаззийн бустамаш дохуш. Мух-мухха а долу цхьа петӏамат санна, хебаршка ихна, хьакхаделла дуьнен чу дала лууш дацара иза. Шен хазаллин нуьрехь гуттар серладаьлла, лепаш гучудала лаьара цунна. Боккъал а, чӏогӏа коча хӏума яра. Цуьнан къайлене кечамаш денна а бахлуш бара Тӏаккха цхьана ӏуьйрана, малх схьакхеттий, кхетазий бу аьлла хетачу цхьана маьӏӏаргонехь цуьнан жаззаш схьаделладелира.
Тӏаккха, оцу маьӏӏаргонна кечлуш, оццул дукха къахьегначу цо, бага а гӏеттош, оза а делла:
– Эхӏ, – элира, – цхьа хала самдели со... Бехк ма биллалаш... со хӏинца а кечдала ца кхиъна.
Жимчу эле шен воккхавер къайла ца дахьаделира:
– Эхӏ, мел исбаьхьа а ду-кх хьо!
– Хӏа-а, боккъаллий? – дара цуьнан гӏийла-коча жоп.
– Кхин цхьана хӏуманан а тидам белаш: со малхаца цхьаьна дели дуьненчу.
Жима эла дукха сиха кхета-м, хьаха, кхийтира, и исбаьхьа хьаша шен ша-шех тоам бина хилар хьулдан гӏерташ башха ницкъ бийр болуш доций, амма и хӏумма а доцург дара, лапъаьлла хьан са лоцуш, цуьнан сел хаза хиларе хьаьжча!
Цо хьем ца беш элира:
– Хӏума кхоллу хан ю, моьтту суна. Хьо дика а вай, сан гӏайгӏа бер-кха ахь...
Жима эла, эхь хетта, воьхна хьаьвзира, хитухург схьа а лехна, зезагна шовданан хи туьйхира цо.
Кестта гучуделира и исбаьхьа зезаг вуно дегал а, дегбааме а хӏума хилар. Жима эла цӏенчу бакъонца хӏоттийнера цо. Цуьнан диъ кӏохцал дара, ткъа цхьана дийнахь цо Жимчу эле боху:
– И цӏоькъаш а схьадахкийта-кх, со кхоьруш дац хьуна церан мӏарех.
Сан сайрат тӏехь цӏоькъаш дац, – иза кхето гӏоьртира Жима эла. – Цу тӏе, цӏоькъаша буц а ца юу.
– Со буц яц, – элира зезаго гӏийлла.
– Къинтӏера далалахь...
– Хӏан-хӏа, цӏоькъаш суна кхераме дац, амма со ӏаламат чӏогӏа кхоьру чуччамехех. Кирхьа хир дацара вайн?
«Орамат чуччамехех кхерар... и ма тамашийна ду-у» – ойлайира Жимчу эло. – Хала амал а ю кху зезаган-м».