Пхоьалгӏачу дийнахь, юха а изза ӏахар бахьна долуш, Жимчу элан цхьа къайле а хиира суна. Ша шен дагахь ехха йинчу ойланийн жамӏ и долуш санна, цу хьокъехь хьалха хьахийна хӏума а доцуш, цӏеххьана хаьттира цо:
– Коьллаш юуш хилча, тӏаккха зезагаш а дуу–кх ӏахаро?
– Шен кара еъанарг-м юу.
– И зезагаш кӏохцалш дерш делахьъий?
– Хӏаъ, кӏохцалш дерш делахь а.
– Тӏаккха кӏохцалех хӏун до?
И суна ца хаьара. Со чӏогӏа балхана чувоьлла воллура: мотор чохь цхьа гайка чӏогӏа дуьхьалъяьллера, со ма-хуьллу иза юхахьавзо гӏертара. Со йишйоха герга вара, гӏуллакх бегаш тӏера долуш лаьттара, сан хи а кӏеззиг дара, сайн ца ваьлла кхуза воссар боккъал а бале дерзарна кхеравеллера со.
– Царна кӏохцалш стенна оьшу тӏаккха?
Ша цхьаъ хаттахь, шена жоп даллалц, цкъа а юхаволуш ӏедал дацара Жимчу элан. Гайка схьа ца хьаьвзаш, догдаьттӏа воллучу ас, сайна хьалха дагдеънарг элира:
– Кӏохцалш цхьане хӏуманна а ца оьшу, зезагаша дуьххьалдӏа шайн дера хиларна арадохкуьйту уьш.
– И ду хӏара!
Тхойша кхин вист ца хуьлуш, дикка хан елира. Юха, мелла а оьгӏазвоьдуш, лен велира иза:
– Со ца теша ахь дуьйцучух! Зезагаш гӏийла хӏумнаш ю. Цхьа а дагахь хӏума доцуш. Уьш шайн даг тӏе жимма майралла яийта гӏерта. Царна моьтту – шайн кӏохцалш хилча, массо а шайх кхоьру...
Ас хӏумма а ца элира. Оцу минотехь со сайн ойланехь сайга луьйш вара. Ас бохура: хӏинца а хӏара гайка схьа ца хьовзахь, жӏов а тоьхна, дамардарц дийр ду-кх ас цунах. Жимчу эло юха а юкъахъяьккхира сан ойла:
– Ткъа хьуна моьтту, зезагаш...
– Ва, хӏан-хӏа! Ца моьтту суна хӏумма а. Ас сайна дуьххьара дагдеънарг аьллера. Хьуна ца го, цхьа ладаме гӏуллакх чекхдаккха гӏерташ ма воллу со.
Иза, цец-акъ а ваьлла, схьахьаьжира.
– Ладаме гӏуллакх?!
Тӏаккха со тергалван хӏоьттира – верриг машенан даьттанах вуьзна, жӏов а буйнахь, цхьа хӏун ю а ца хуучу, цунна гергахь дукхе-дукха чамбоцчу цхьана коьчал тӏе букарвахна воллу со.
– Баккхийчара дуьйццург ду ахь дуьйцург а! – элира цо.
Суна эхьхийтира. Амма иза со кхоон воллуш вацара.
– Хьо кегош ву, – тӏетуьйхира цо. – Хьо кхеташ хӏумма а дац!