– Шу цуьрриг а сан розанах тера дац, – элира цо цаьрга. – Шу хӏинца а доцчун меха ду. Шу шаьш цхьамма а карӏамийна а дац, аш карӏамийна а дац цхьа а хӏума. Хьалха сан Цхьогал а дара иштта. Бӏе эзар кхечу цхьогалех иза схьакъаьсташ цхьа а башхалла яцара цуьнан. Амма ас цуьнца доттагӏалла тесира, ткъа хӏинца иза дерриг дуьненахь а цхьаъ бен доцу Цхьогал ду.
Розанаш, эхь хетта, цӏийделира.
– Хаза-м ду шу, делахь а – деса ду, – шен къамел дӏадора Жимчу эло. – Шайн дуьхьа цхьаъ вала а реза хиллал деза дац шу. Тӏехволуш бӏаьрг кхеттачо сан розанна а, дӏадаккха я тӏетоха хӏума доцуш, иза ша тап* шу санна дерг ду, эр дарий а дера хаьа суна-м. Амма шу массарех а и цхьаъ дӏалур дацара ас. Ас хӏора дийнахь цунна ма диттина, шуна ца диттина хи. Буьйсана, аьнгалин пхьегӏа тӏеюьллий, ас дижош лелийнарг а иза дара, шу дацара. Ас иза ма лелийна, кирхьа лоьцуш, мохах лардеш. Ас цуьнан дуьхьа ма дойура нӏаьний, полларчий хилийта, ши-кхоъ бен ца буьтуш.
Цо леткъамаш беш а, дозаллаш деш а ладегӏна ас, иза дист ца хуьлуш дӏатийча а, дегӏна цуьнга ла, цо хӏун дуьйцу техьа бохуш, цуьнан дагара хаа гӏерташ. Иза – сан ду, цундела суна деза а ду, хьоме а.
Юха Цхьогал долчу схьавеара Жима эла.
– Марша ӏойла, – элира цо.
– Марша гӏойла, – элира Цхьогало. – Ас хьуна юьйцур ю аьлла къайле хӏара ю хьуна, кхета а, дагахь латто а вуно атта: хӏума гуш дерг цхьа дог бен дац хьуна. Уггар коьртаниг, бӏаьргашца хьежарх, гуш ца хуьлу.
– Уггар коьртаниг, бӏаьргашца хьежарх, гуш ца хуьлу. – Цхьогало аьлларг элира Жимчу эло, иза шена дикка дагахь дисийта.
– Хьайн роза хьуна иштта деза а, хьоме а ду, ахь хьайн массо а де цунна дӏалуш хилла дела.
– Ас сайн массо а де цунна дӏалуш хилла дела... – цо аьлларг элира Жимчу эло, иза шена дикка дагахь дисийта.
– Адмаша тоххарехь дицдина и, амма ахь диц ма делахь: хьо айхьа карӏамийнчу массо а хӏуманан гуттаренна а ӏу хилла вуьсуш ву хьуна. Хьо ӏу ву хьуна хьайн розанан.
– Со ӏу ву сайн розанан... – элира Жимчу эло, иза шена дикка дагахь дисийта.