– И хьуна цахаар сан бехк бу. Хӏинца и коьрта ду. Хьо а хиллера, со санна, ӏовдал. Хьайн десара, ирсе хила хьажалахь... Дӏаяккха и пхьегӏа а, и суна кхин оьшуш яц.
– Ткъа мехаш...
– Иштта шелделла а дац со... Буьйсанан цӏена* хӏо суна мелхо а аьхна ду. Зезаг ма ду со.
– Ткъа акхарой, сагалматаш...
Ши-кхо нӏаьна лан мегар дац ас а, сайна полларчий довза лууш хилча! Уьш цхьа исбаьхьа долчух тера ду. Со долчу вогӏуш а цхьаъ хила ца веза? Хьо гена хир ма ву. Ткъа цу андийчу буьрсачу акхаройх со ца кхоьру. Сан а ю мӏараш. – Тӏаккха шен йилбазалдацарца шен диъ кӏохцал схьауьйхьира цо. Юха тӏетуьйхира:
– Дах ма дехьа, хала ду хӏара лан! Дӏаваха сацам хиллий хьан – дӏагӏой валахьа.
Жимчу элана ша доьлхуш гойла ца лаьара цунна. Чӏогӏа дегал зезаг дара иза... Вуно чӏогӏа дегал...
Тӏаьххьарчу суьйрана хьалхачул а чӏогӏа битаме ялийна, новкъар-нацкъарниг дӏасаяьккхина дӏахӏоттийра цо шен сайрат.
Жимчу элан сайратна уггар герга 325,326,32 329, 330 астероидаш яра. Дуьххьара царна тӏе кхача сацам хилира цуьнан: цхьа болх каро ма безара, стенна хилла а цхьана хӏуманна охӏла хила а. Хьалхарчу астероид тӏехь вехаш паччахь вара. Верриг таьӏна, цӏечу, юкъ-кара горнастай* экханан кӏайн чо болчу духарех хьаьрчина, иза дорахчу, хӏетте а шеца йолу сийлалла хаалучу курс-гӏента* хьалахиъна ӏара.
– Хӏа-а, хӏинца сан паччахьалла тӏехь долу стаг волуш ву-кх! – хазхетта мохь белира цуьнга, Жимчу элах бӏаьрг кхетташехь.
«Цунна хӏун хаьа, со мила ву? – ойла йира Жимчу эло. – Цунна-х со дуьххьара гуш ву».
Цунна ца хаьара, паччахьаш дахаре шайна ма-луъу атта хьоьжуш нах буйла: цаьрга хаьттича, массо стаг церан пачхьалли кӏел ву.
– Схьатӏехилал, хьайх дикка бӏаьрг тохийтал соьга, – элира паччахьо, хьанна хилла а цхьаннан паччахь хила шен таро хиларна, чӏогӏа кура а волуш.
Жима эла, охьахаа меттиг хир яцара техьа аьлла тӏехьа хьаьжира, амма паччахьан горнастайн чо болчу исбаьхьчу обано ерриг сайрат кӏелхьулйинера. Кхуьнан латта дийзира, оццул чӏогӏа гӏелвелла воллушехь... Юха, шен ойла дӏаяхханчохь, кхо бага гӏаттийра.