– Де дика хуьлда, – элира Жимчу эло.
– Де дика хуьлда, – жоп делира йохкархочо. Хьогалла йойучу хӏумнех дина, уггар тӏаьхьа юкъадевлла, молханан буьртигаш духкуш вара иза. Царах цхьа буьртиг дӏакхоллий ахь – дийнна кӏирнах хи дезар дацара хьуна.
– Уьш хӏунда духку ахь? – хаьттира Жимчу эло.
– Хан кхоо, чӏогӏа пайдехь хӏумнаш ю хӏорш, –жоп делира йохкархочо. – Говзанчаша бинчу лерамашца, кӏирнах шовзткъе кхойтта минот хан мукъа йолу хьан.
– Оцу шовзткъе кхойтта минотехь хӏун дан дохку вай?
– Ва, хьайна луъург.
«Сайн шовзткъе кхойтта минот мукъа хан хилча, – ойлайира Жимчу эло, – ас-м, шовдан тӏе а вахна, хи мер дара...»
Ас авари йина кӏира а кхечира, оцу буьртигаш духкуш хиллачу йохкархочух долчу дийцаре ладоьгӏучу юкъана сайн бисна тӏаьххьара хин тӏадам дӏамелла а велира со.
Дера, – элира ас Жимчу эле, – ахь мел дуьйцурш хаза хӏумнаш а ма ду, амма ас кема а ца тоди, я сан бисна хин тӏадам а бац, хӏинца ваьлла шовдан тӏе ваха йиш хилча, со а хир вара-кх хьуна ӏаламат чӏогӏа ирс долуш стаг.
– Сан доттагӏалла тасделла Цхьогал...
– Хьо ваха, хӏинца боккъал а Цхьогал дуьйцучохь дац хьуна сан гӏуллакх!
– Хӏунда дац?
– Дера дац хӏара вайна тӏехӏоьттинарг хьогалла дала там болуш хьал долу дела...
Ша ала гӏертачух ас бохург мичахь хьакхалуш ду, ца кхийтира иза. Цо шениг дуьйцура:
– Мацца а цкъа хьан доттагӏ хиллехь, и ду хьуна дика, цул тӏаьхьа вала дезахь а.
«Хӏара тӏехӏоьттина киртиг мел кхераме ю, ца кхета-кх хӏара. Кхунна цкъа а мацалла хӏун ю а, хьогалла хӏун ю а ца хиъначух тера ду. Маьлхан зӏаьнар хилчахьана, тоьуш ву...»
Ас дӏа хӏумма а ца элира, дуьххьалдӏа ойлайира иштта. Амма Жимчу эло, соьга схьа а хьаьжна:
– Со а вара-кх хи мер долуш... валохьа, цхьанхьа а гӏу юй хьожу вайша, – элира.
Ас гӏаддайна куьйгаш дӏасатесира: гуш йист йоцчу пана арахь, лела-аш цкъа тӏеӏотталур-кх бохуш, гӏунаш лехарх а хӏун пайда бу? Хӏетте а новкъа велира тхойша.
Дукха дӏаихира тхойша, вистхилар доцуш, эххар а, са а дайна, стиглахь седарчий а серладийла дуьйладелира. Дукха хьагвелла, яй-й хоршаэха воьллачу суна, уьш сайна гӏенах гуш санна хетара. Жимчу эло аьлларг дагара ца долура суна, юха ӏа а ца велла, хаьттира ас: