Иза гӏеххьа йишйоьхна вара. Хӏетте а кхин цкъа а, дог иркархӏоттийна, со ӏехо гӏоьртира иза:
– И мел дика хир ду, хаьий хьуна. Со а хьожур ву седарчашка. Тӏаккха дерриге седарчий цӏийза чкъургаш йолчу ширчу гӏунех тарлур ду суна. Царах хӏорамма а, хи малийна, сан хьогалла йойур ю...
Со вист а ца хуьлура.
– Дӏа ойлаел ахь, и мел хаза хуьлу! Хьан долахь пхи бӏе миллион горгали хир бу, сан долахь пхи бӏе миллион шовда...
Тӏаккха ша а висира иза вист а ца хилалуш, велхаро юкъахдаьккхира цуьнан къамел...
– Хӏа, схьакхечи вайша. Кхин цхьа гӏулч соьга сайгга яккхийтахьа.
Дукха чӏогӏа кхераваларна, когаш тӏехь латта гӏора ца тоьъна гӏамар тӏе охьахиира иза. Тӏаккха цо элира:
– Хьуна ма хаьа... сан роза... со цуьнан ӏу ма ву, цунах жоп дала дезаш. Ткъа иза цхьа гӏийла хӏума ма ю! Цхьа дагахь хӏума доцуш а. Цхьа декъаза кхо-диъ кӏохцал доцург, хӏумма а дац пекъаран, дуьненах лардала гӏоьртина дуьхьалдаккха а.
Со а охьахиира, сайн когаш хаьдча санна, хийтира суна. Цо элира:
– Хӏа, тоьур ду хӏинца... дерриг а чекхдели...
Кхин а цхьана минотехь ӏийна, хьалагӏаьттира. Ерриг а цхьа гӏулч бен яккха а ца яьккхира. Со меттах ца хьалуш лацавеллера.
Цуьнан когашкахь можа ткъес кхерстира, цхьа халла хаалуш. Бӏаьрнегӏар тухучу юкъана иза, меттаххьар доцуш, сацавелира. Ахӏ а, ухӏ а ца элира. Тӏаккха вуьйжира – меллаша, дитт ма-дожжара. Меллаша, цхьа а гӏар-тата доцуш: гӏамаро дӏа ма худу массо гӏар-тата а.
Хӏетахь дуьйна ялх шо а даьлла... Ас хӏинццалц цкъа а цхьаьнгге а дийцина а дацара хӏара. Со юхавеъча, со дийна а, маьрша а гина, сан накъостий баккхийбеш бара. Со чӏогӏа сингаттаме вара, амма хӏун хилла хьуна аьлла, духекхиа гӏоьртинчуьнга ас олура:
– Хӏумма а ца хилла, дуьххьалдӏа гӏелвелла... хӏоьттина со...
Юха жим-жима синтем а хилира. Аьлча а... самукъдалар-м дац. Делахь а суна хаьа, иза шен сайраталг тӏе дӏавахнийла: сатесначул тӏаьхьа вахна со хьаьжча, суна цуьнан дегӏах хӏума гӏамар тӏехь кара ма ца дира. Иштта деза а ца хиллера иза. Ткъа хӏинца, буьйса тӏе массазза йогӏу, седарчашка ладоьгӏуш марзо оьцу ас. Стиглахь пхи бӏе миллион горгали бека хезаш санна...