– Ва, дӏабоьхкуш ца хилахь, баьлла цхьанхьа дӏа а бахна, бовр ма бу хьан иза.
Эццахь сан доттагӏ, ас аьлларг дукха хазделла, юха а доггах велавелира:
– Мича гӏур бара иза, деллахь?
Муха мича гӏур бара? Дуьххьал-дӏа, дуьххьал-дӏа шен бӏаьрг ма хӏутту дӏаоьхур бара-кх.
Тӏаккха Жимчу эло, воьлучуьра саца а соцуш:
– И-м хӏума хьаха дацара, – элира, – сан цигахь меттиг ӏаламат кӏезга ма ю. Юха а цхьа сингаттаме тӏетуьйхира:
– Дуьххьал-дӏа, дуьххьал-дӏа дӏаэхахь-м гена гӏур хьаха бац
Иштта кхин цхьа мехала къайле а хиира суна: иза схьаваьлла сайрат ша а яц ерриг а цхьана цӏийнан барамехь бен!
Аьлча а, цунах-м ас башха тамаш а ца бира. Суна хаьара, Латта, Юпитер, Марс санна йолу яккхийнаш йоцурш, кхин а бӏеннаш ур-аттал шайна техкина цӏерш а йоцу кегий сайраташ а юйла, шайна юккъехь, телескопа чухула хьаьжча а, халла бен къаьсташ йоцурш а йолуш. Астрономо ишттачех цхьа сайраталг шена карийча, цунна цӏе а ца луш, лоьмар ло. Масала: 3251-гӏа астероид олий.
Сан дерриге бахьнаш ду, Жима эла астероид Б-612 аьлла йолчу сайраталга тӏера воьссина ву ала. Цхьана туркойн астрономана 1909-чу шарахь, телескоп чухула хьаьжча, цкъа хааелчхьана, и астероид кхин хааелла а яц. Шена гучудаьлла и башха керланиг оцу астрономо хӏетахь Дуьненаюкъарчу астрономин конгрессе дӏахьедира. Амма цунах цхьа а ца тийшира, цунна тӏехь туркойн духар хилар бахьна долуш.
Иштта къам ду-кхи и баккхийнаш!
Б-612 астероидан-м доккха сий дера хилира тӏаьхьа, туркойн султана шен пачхьаллина кӏел болчу нахана, байъа кхерам тасарца, Европехь лелош долу духар лелор тӏедиллар бахьна долуш. Мацахлерчу астрономо 1920-чу шарахь юха а дӏакхайкхийра шена гучудаьлларг. Амма хӏинца иза Европехь лела тӏаьххьарлерчу модехь чӏархъаьлла кечвелла вара – цуьнан къамелана тӏаккха массо а реза хилира.