– Ткъа и хьелаш бегӏийла маца хир ду? – хаа лиира Жимчу элана.
– Гм, гм, – жоп делира паччахьо, стоммачу рузмин* агӏонаш а луьстуш. – Иза хир ду хьуна... гм, гм. Тахна уьш хир ду хьуна, суьйрана ворхӏ сахьттий шовзткъа миноттий яьлча. Тӏаккха гур ду хьуна, сан аьллар мел нийса кхочушхуьлу.
Жимчу эло бага гӏаттийра. Дош дац кхузахь дерг а, шена лиъначу хенахь малх чубузуш ган йиш ца хилча! Ма-дарра аьлча, кхуьнан кхузахь кхин самукъадала хӏума дацара.
– Со дӏавоьду, – элира цо паччахье, – ас, кхузахь ӏийна, кхин дан хӏума дац.
– Ма гӏо! – элира паччахьо: шен пачхьалла тӏехь долу стаг карийна, чӏогӏа дозалдеш хиллачу цунна иза дӏавахийта ца лаьара. – ӏадӏе кхузахь, ас министар хӏоттор ву хьо.
– Стенан министар?
– Стенан министаррий... юстицин.
– Кхузахь дов хатта стаг ма вац!
– Хӏун хаьа, – вуй а, – реза ца хилира паччахь. – Хӏинца а ерриг а теллина яц сайн пачхьалкх. Со къанвелла, пайтон лело мохк тоьуш бац сан, ткъа гӏаш лела гӏора дац...
Жимчу эло, охьа а таьӏна, хӏокху сайратан важа агӏо толлуш, кхин цкъа а бӏаьрг кхарстийра.
– Ас телли! – элира цо маьхьарца. – Цигахь а вац!
– Делахь айхьа-хьайна е кхел, – элира паччахьо. – Иза уггаре халниг ду хьуна. Ша-шега барт хатта нахе хоьттучул дуккхазза а хала ду. Ша-шена кхелъян хаар – и ду хьуна уггаре доккха хьукма*.
– Сайна кхел соьга миччахь а ялур ю, – элира Жимчу эло. – Цунна илла а билла а шу долчохь виса оьшуш дац.
– Гм, гм... – элира паччахьо. – Хӏокху сан сайрат тӏехь цхьанхьа бехаш къена мукдахка бу моьттуш ву со. Бус-буса цо мӏараш туьйсуш ен гӏовгӏа хеза. Оцу къеначу мукдехкан дов хатта мегар дара ахь. Цхьа хан масазза ели цунна юх-юха кхел кхайкхае. Иштта, хьох доьзна хир ду цуьнан балар-бисаран гӏуллакх. Айхьа кхел масазза йин а, юха цунна гечдеш хила веза, къена мукдахка кхоо беза, иза цхьаъ бен бац вайн.
– Цхьанна а вен кхел кхайкхор йолуш вац со. – элира Жимчу эло. – Цу тӏе, сан дӏавоьду хан тӏекхаьчна.
– Хӏан-хӏа, ца кхаьчна, – дуьхьалвелира паччахь.