Жимчу эло леррина тергалвора панарча, цуьнан бӏаьргаш чохь тӏаьхь-тӏаьхьа хазлуш вогӏура шен дашна сел тешаме и хьанал стаг. Кхин цкъа а чубузу малх гархьама, мацах-мацах гӏант цхьана меттера вукху метте дохуш шен лелар дагдеара Жимчу элана. Шен керлачу доттагӏчунна гӏодан лиира цунна чӏогӏа.
– Ладогӏахьа, – элира цо панарчига. – Суна хаьа хьуна дан дезарг: хьайна ма-лиъи, садаӏа йиш хир ю хьан...
– Со гуттар а ву садаӏа лууш, – элира панарчас.
Шен дашна тешаме а вуьсуш, стаг малонча хила а ма ю йиш.
– Хьан сайраталг вуно жима хӏума ю, – шен къамел дора Жимчу эло, – кхо гӏулч яьккхина, го тесна вала йиш ю хьан цунна. Гуттар а хьо малхехь хин волу болар эцал ахь. Хьайна садаӏа ма-лиъинехь, гуттар хьалнехьа, ирх дӏаэха... хьуна мел оьшу деха хир хьуна тӏаккха хьан де.
Дӏавала, цуьнан хӏун пайда бу, – элира панарчас, – дуьненахь суна набъярал чӏогӏа дезаш хӏума дац.
Тӏаккха хьан гӏуллакх тиша ду, – элира, цунах доглозуш, Жимчу эло.
Дера ду-кх дукха тиша-м, – тӏечагӏдира панарчас.
– Де дика хуьлда.
Юха панар дӏаяйъира.
«Хӏокху стагах, – элира ша-шега Жимчу эло, дӏаваха новкъа а волуш, – хӏокху стагах уьш бешар а бацара: паччахь а, дозалча а, гӏуллакхча а, къаьркъанча а. Амма хӏетте а, суна хетарехь, царах уггаре беламе воцург хӏара цхьаъ ву. Хӏунда ву аьлча, дуьххьалдӏа шен гӏайгӏабина, шена дезарг лехна ӏаш вац иза».
Жимчу эло доккха садаьккхира.
«Гергарло цуьнца лело дезара-кх, – аьлла, кхин ойла а хилира цуьнан. – Амма цуьнан сайрат дукха жима ю. Шинна меттиг тоьур яц цу тӏехь...»
Иза ша-шена а даредан ца хӏуттуш, оцу исбаьхьчу сайраталго кхин цхьана бахьнина а хьогаме* дагахьбалам битнера цунна: ткъе деа сохьтехь бӏе шовзткъазза чубузу малх гарх марзо эца йиш яра, цу тӏера дӏахьаьжна.
Йолхалгӏа сайрат цул хьалха хиллачул уьттазза йоккха яра. Цу тӏехь вехаш сила-а стаммий киншкаш язъеш волу воккхастаг вара.
–Дӏахьовсийша цкъа! Гезданча* а кхечи схьа! – воккхаверца мохь иккхира цуьнан, Жимчу элах бӏаьрг кхетташехь.
Жима эла стоьл тӏе охьахиира, хьуьхь-воьллачуьра жимма меттаван. Иза дукха леллера ваьлла!
– Хьо мичара ву? – хаьттира цуьнга воккхастага.