Тӏаккха географо сила стомма киншка схьайиллира, къолам а ирбира. Гезданчийн хабарш хьалха къоламца дӏаяздо. Гезданчас ша дийцинарг бакъ хиларан цхьана хӏуманца тоьшаллаш далийчий бен, ца яздо уьш шекъанца.
– Со ладугӏуш ву хьоьга, – элира географо.
– Сан-м дац цигахь хӏара аьлла цхьа хӏума а, – вистхилира Жима эла. – Сан цигахь массо хӏума а ӏаламат жима ду. Кхо тӏам-лам бу. Шиъ аьрдаш бу, цхьаъ дукха хенахь дуьйна ӏаяйна бу. Амма хьанна хаьа, хӏун хуьлу...
– Хӏаъ, хӏуъа хила а тарло, – тӏетайра географ.
– Кхин а... цхьа зезаг а ду сан.
– Зезагаш оха билгалдохуш дац, – элира географо.
– Хӏунда?! Зезагал исбаьхьа хӏун хир ду!
– Зезагаш эфемерни хӏумнаш ю.
– Муха – эфемерни?
– Географехула йолу киншкаш – дуьненахь уггар а мехал ю, – дийцира географо. – Уьш цкъа а ширлуш яц. Наггахь хуьлу хӏума бен ма дац – лам такхар я ӏапказ-хӏорд лакъар. Оха яздийриг гуттар а долчух, хийцам хуьлуш доцчух ду.
Амма тхьевсина ӏуьллу тӏам-лам самбала а ма тарло, – цуьнан къамел юкъахдаьккхира Жимчу эло.
– Ткъа «эфемерни» бохург хӏун ду?
– Тӏам-лам тхьевсина бу я аьрдаш бу, – тхуна, географшна, цхьана а маьӏне дац, – элира географо, – маьӏне дерг цхьаъ ду: лам. Лам хийцалуш бац.
– Ткъа «эфемерни» бохучун хӏун маьӏна ду? – хаьттира Жимчу эло, ша цхьа хӏума хаттахь, шена жоп даллалц, ӏадӏаш ӏедал ма дацарий цуьнан.
Цуьнан маьӏна, хьаха, ду – кестта, сихха делла дӏадала дезарг бохург.
– Сан зезаг а ду кестта дӏадер долуш?
– Ду, хьаха.
«Сан бӏаьргийн марзо, сан деган синкъерам кхин хан йолуш ца хилла-кх, – элира шен дагахь Жимчу эло, – я дуьненах лардала гуьнахь долуш а дац, дерриг герз а цхьа диъ кӏохцал ду цуьнан. Ткъа со а лела, иза охьа а тесна, хӏинца сан планети тӏехь ша цхьаъ ду иза!»
Зезаг а дитна, араваларна, дукха дагахьбалам хилла, хӏинца дуьххьара цхьа чӏогӏа сахьаьвзира цуьнан. Амма юха ца верза доьналла тоьира.
– Ахь стенга ваха магор дара суна? – хаьттира цо географе.
– Латта олучу планети тӏе гӏо, – жоп делира географо.
– Вон цӏе яц хьуна цуьнан йоккхург...
Жима эла дӏа новкъа велира, амма ша цӏахь дитина зезаг дагара ца долура цунна, ерриге ойланаш цунах яра.