Шолгӏачу буcа оцу йуьртахь топ йо́луш мел волу бӏе ткъе пхи cтаг а́ра а ваьлла, тоьпаш а йиттина, цхьо́гал дийна.
ӏуьйранна а́рабоьвллачу на́ха цхьо́галан цхьана агӏон тӏера цӏока йаьккхина. Оцу иcc эзар кӏур бо́лучу цӏийнах мел волчунна цхьо́галан цӏоканах цхьацца кетар хилла.
Вукха агӏор цхьо́гал даккха а ца делла, цӏока тӏехь йиcна.
Ӏуьйренан за́ман чохь хи тӏе йо́гӏуш хилла цхьа къе́на Жоьра-Ба́ба.
— Хӏара йара хӏокху йуьрте́ а тӏекӏел ца йаккхайелла цхьо́галан кӏорни? — аьлла, Жоьра- Ба́баc, ча́мий а ӏоьттина, цхьо́гал вукха агӏор даьккхина.
— Сан кхо шо кхаьчначу кӏентан кӏантана кетар хир йу кхунах, — аьлла, ба́баc цхьо́галан йиcина цӏока cхьайаьккхина.
Шен кӏентан кӏантана кетар йина ба́баc, амма пхьуьйшашний, кетаран кочаний цӏока ца тоьъна.
Хаал, оцу йийцинчех, муьлха йоккха хилла: cту, аьрзу, бож, жаӏу, цхьо́гал, Жоьра-Ба́ба йа кӏентан-кӏант?