Йа хӏиллане ловзар, хьуна боьгӏна гур.
Хьо адаман кхетамал мелла а лакхахь караво хьуна хӏинца. Хьайна цхьанхьара нуьцкъала аз хезар долуш санна хета. Хета, охьалур долуш санна жоьпан сибат.
Ахь цхьана къайлене сатуьйсу. Амма хьуна хӏумма а ца хеза, хӏумма а ца охьало. Хьуна го. Хӏаъ, го, дерриг а цхьа цӏена го, хьо а, хьайн ойланаш а хӏумма а йоцийла хууш кху дуьненна.
Йуха оцу цӏена гаро инзарвоккху хьо.
Тӏаккха хьо кхерало.
Къайле дӏайов.
Ткъа хьуна ца лаьа цунах теша, хьуна вала ца лаьа. Хьуна тешам беза, цхьа бакъ. Хьо цара ца тешаво. Иштта а, вуьшта а ду, боху цара, хьайна луъург къастаде. Хьуна ишта деза, цӏенна цхьа хӏума, ша цхьаъ, вуьшта а доцуш цхьаьна.
Иза хьуна ца карадо. Хьуна гуш йерг – йуьхь.
Тӏаккха хьан философех болу тешам бов. «Церан ӏилма ца ӏамийнарг бен царах кхетар вац, – ойла хуьлу хьан. – Уьш ца бовзар – иза ду дарба. Шайна а хӏун ду ца хуучух хьо кхето гӏерта, шайн шовкъашка хьаьжжина».
Гуттар а жоп лоьхучу ахь хӏун дан деза тӏаккха! Велча борза тӏехь зезагца гӏоттур ву аьлла, вала веза хьо? Хьуна ца лаьа иштта вала. Ахь кхидӏа а лоьху, айхьа цхьамма. Цхьанна а сецначу чӏагӏонна тӏе ӏилманчаша ца валийна волу хьо, дерриг а эрна ду аьлла, вала ца ло. Эрна доцийла теша хьо. Цхьа а къайле йоцуш дуьне хилча, хьо хӏунда вац, бежана санна, ӏожалла ца йевзаш? Хьуна стенна оьшу кхетам, йа хьуна иза хӏунда белла, дахаран чаккхе йевзаш болу бала хьега?
Дуьне хӏора стагана а шен-шенна духу. Хьан дуьне ца духу бӏаьргаш тӏекъевлича, хьан дуьне дахарехь дуьсу, хьан ойланашкахь.
Ӏожалла а хуьлу тайп-тайпана. Хьо ца ле цу ӏожалца. Хьо веллачул тӏаьхьа а цхьанхьа веха. Хьан са ду даха дезарг, хьан ойланаш, хьан къа. Дегӏ даларца стаг леш хилча хета хьуна дуьне эрна.
Хьуна ца лаьа зезагах а тешна вала, цу тӏе полла а хиъна, цо дахар кхин а дӏа дахдийр ду бохучух.
Цхьа сатийсам йа цхьа лехам ца хилча, хала ду дахар, ла ца даллал хала. Дахаро хьайх масех тешам ло хьуна. Йуха берриш а ша дӏа а боху, эшамашца. Хьуна бен а ца хета иза. Ахь ца лоьру кӏезгаллаш. Куьг а тосий, дуьту. Кхечо схьаоьцу, цхьана денна вехачо. Хьан гӏалатах цуьнан ламин киртиг хуьлу. «Хьан дог ма дарра ву хьан дела а», – боху философа.