«Хьайн дика амалш кӏоргге хьулйе, хьайн вочарал а», – боху цо йуха. Хӏунда? Цкъа а гал ца вала, хьайна оьшург схьалаца, дахарна ӏама! Хӏан-хӏа, хьо галвала, къийса хьайца, тӏаккха кхета дерригенах а хьо.
Хьекъал дерг ву боху ирсе. Иза цкъа а йуьхьӏаьржа ца хӏоьттина, нах ца белийна шех. Цо шен хьекъале хьаьжжина кхоллаболуьйту шен лаам. Мичхьа ду тӏаккха цуьнан ирс, лаамашна доза тоьхна хилар гучудаьлча, шен боцу ницкъ хиъча?
Шен хьекъалехь ду? Кхетам болу дела ма го цунна шен ойла, сатийсам гӏорасиз хилар. Цунах лаамаш а хьелашка хьаьжжина хуьлуьйту. Хьан? Цо. Ткъа ирс стенга доьду?
Хӏан-хӏа, массо а хӏуманна тӏехь ца хуьлу иза ирсе. Цхьана хӏуманна тӏехь хуьлу, кӏеззигчу хӏуманна тӏехь, кӏеззигчу ханна. Иза хир ду-кх цуьнан ирс, кхийс-кхийсалуш лелаш долу, тахана, кхана, лама бохуш, дах а ца луш цкъа а.
Адаман хьашташ цхьана хӏуманна тӏехь сецна ца хуьлу. Дахар санна, бен-бен, йист йоцуш ду хьашташ а, тховса хьан коьрта чу хьийза ойланаш санна.
Цунах – ирс доца.
Хӏетте а гӏалаташ девзинарг бен ирсе хила йиш йац. Цо бен ца довзуьйту дуьне а. Вожа, гӏатта, йуха а вожа, кхин цкъа а гӏаттархьама!
Тӏаккха бен кхетар вац хьо, бакъ цхьаъ бен доцийла – эхьан бакъ. Наха дийцарх ца кхочу цу тӏе, йа теша а ца теша. Айххьа лаха деза, гӏалаташна йуккъехула. Тӏаккха кхочу хьо безамна тӏе, хьайн гуттарлерчу лехамна.
Адам ша кхоьллинчу йуьххьехь къинхетаме а, дика а хуьлийла хаьа хьуна. Цул тӏаьхьа иза дахаро зуьй. Аьтто хилларг атта веха, массо хӏума а хууш: сахуьлийла а, садойла а, дика хила гӏертар ӏовдалалла йуй а. Хьо халла кхочу цу хӏумнашна тӏе, валале кхочу. Хьуна ӏовдалалла ца хета дика хила гӏертар. Хьанна дика хила? И къастам го хьуна хӏинцца. Хьуна дерриг а хиъча, дерриг а тӏаьхьа хуьлу.
Хӏетте а хьоьца тешам буьсу безамах, эхьах, цхьана доккхачу декхарх. Хьо теша веза диканах, мел хала делахь а теша. Хьо тӏехула ма хила. Тӏаккха бен ца кховдало кхечуьнга мохь, хӏинццалц айхьа гехь лелийна болу декхаран мохь.
Стаг дукхахверг шен дагалецамашкахь веха, шен гӏенашкахь йа лехамашкахь.
Ткъа хьан лехам – къонах хилар, хьайн кхетамехь волу къонах. Хьайн сибатца бен вахалур вац хьо вуьззина. Идарх а, хьадарх а гӏуллакх ца хуьлу.