гӀорталур дац хьу́на Ӏуьйре хиллалц!». ТӀаккха аса дӀахийцира иза. Ӏуьйранна Алла́хӀан элчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира соьга: «ХӀун дира оцу хьан йийсархочо селхана?». Аса жоп делира: «ХӀай, Алла́хӀан элча! Цо э́лира, ша́ су́на дешнаш Ӏа́мор ду, Алла́хӀа су́на пайдехь ден долу. ТӀаккха аса дӀахийцира иза». (Пайхамара (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хаьттира: «ХӀун дешнаш дара уьш?». Аса жоп делира: «Цо э́лира соьга: «Хьайна дӀавижа метта ва́ла лиъча, айатул-Курси деша, дуьххьара дӀа чекхдаллалц: «Алла́хӀ – кхин де́ла вац, И во́цург‚ Дийна, Дерриге латтош волу…». Кхин а оцунна тӀе э́лира цо соьга: «Хьоьца цхьаьна, хьо ларвеш, Алла́хӀан гергара ларвархо хир ву, шайтӀа улле а гӀорталур дац хьу́на Ӏуьйре хиллалц!». (Соьга ла а доьгӀна,) Пайхамара (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира: «Баккъалла а, бакъ лийна иза хьоьга, ша пуьчаш буттург воллушехь а! Ткъа оцу кхаа буса хьайца къамел динарг мила ву хиирий хьу́на, хӀай, Абу́ ХӀурайра?». Аса жоп делира: «ХӀан-хӀа». (Пайхамара (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) э́лира: «ШайтӀа дара иза»» (ал-Бухари: 5010).
Абу́ ХӀурайрас (Алла́хӀ ре́за хуьлда цунна) дийцина: «(ХӀокху) «А́ла: «И – Алла́хӀ – Цхьаъ ву» (бо́хучу) дешнех лаьцна Алла́хӀан э́лчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира: «Боккъалла а, (шайн дозаллехь) Къуръа́нан кхоалгӀачу де́къаца нислуш ду уьш» (Муслим: 812).