ТКЪОЛГӏА ХЬАДИ́С
Абу́ Саӏид ал-Худрис (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) цхьана стага йух-йуха а доьшуш, «А́ла: «И – Аллахӏ – Цхьаъ ву» доьшуш хезначу кхе́ча стага, ӏуьйранна Алла́хӏан е́лча (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, цуьнга дийцина оцу хьокъехь дерг. (Ткъа оцу стагана, и су́рат а дешна, тоам бар) кӏезиг долуш санна хеташ хилла. (Цуьнга ла а доьгӏна,) Алла́хӏан е́лчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Боккъалла а, сайн са Шен карахь долчух дуй ма буу ас, (шен дозаллехь) Къуръа́нан кхоалгӏачу де́къаца нислуш ма ду и» (Буха́ри: 5013).
ТКЪЕ́ ЦХЬАЛГӏА ХЬАДИ́С
Анаса (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) цхьана стага э́лира аьлла: «Хӏай, Алла́хӏан элча! Боккъалла а, хӏара су́рат дукха дезаш ву-кха со: «А́ла: «И – Аллахӏ – Цхьаъ ву». (Оцу хьокъехь Пайхамара (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) э́лира: «Боккъалла а, и дезаро йалсамане вуьгур ву-кха хьо» (Тирмизи: (2903), цо аьлла хӏара хьади́с «хьасан» дарж долуш ду; Буха́ри: (774)).