Уьш, цхьанна а ба́ла а ца беш, амма, шайна бина ницкъ бо́рах а ца буьтуш, майра нах бара.
«Индейцах» хӏо́ра кертахь, урамехь ловзура.
Гурахь дара иза. Хьаьжкӏаш йоьй ахьар доккхуьйтура Да́дас. Марсаца хьокхура уьш, тӏера хьаьжкӏийн кенаш схьа а до́хуш. Тхан да́ киралелочу машенна тӏехь вара болх беш, ткъа на́на – хасстоьмаш бухкуш. Оцу ша́рахь къаьсттина, хьийкъине́ра хьаьжкӏаш. Хьаькхначу гӏодамех диначу такхорех тхайна «индейцийн лагерь» йан дагадеане́ра тху́на цхьана дийнахь. Тхан «лагерь» ше́н паччахь, гӏаролхой, иччархой болуш йара. Такхорашна чохь херонаш йаьхна, тхайна чоьнаш йине́ра о́ха, уьш гӏодамашна тӏерачу гӏашца а, хьаьжкӏашна тӏерачу хьесешца а кечйине́ра.
Ловзар марсадаьлла, тхайл ирсе́ цхьа а цахеташ ловзучу тхоьга, на́нас тхайга бетта мохь ца хезаш, совца кхеташ да́цара тхо. «Буьйса Да́ла садаӏа йелла вайна! Кха́на а до́гӀур ду де! Чудуьйла!» – йаппарш йора на́нас.
Ке́тӏахь сецначу машенан гӏовгӏано дӏатейира тхан гӏовгӏанаш.
«Да́да цӏавеана!» – кхераделира тхо, тхаьш а́рахь ӏаржъйаллалц чу ца доьлхуш ӏерна.
Тхо бешахь гина тӏевеана Да́да, о́ха лелочуьнга хьаьжна, велавелла дӏавахара. Масех минот йа́лале буйнахь тоькан са́ра а, чиркх а болуш йухавеара.
Минот йа́лале тхан такхорийн «хӏусам» чу чиркх тесна къа́гийна, серлайаьккхира цо.
Тхан даьлла самукъа, тхан хилла ирс! Чиркхан серлонехь кхин а мо́жа-дашо, кхин а хаза гора хьаьжкӏийн мажделла гӏаш а, гӏодамаш а.
«Лагерь» дешех кхелича санна йара.
Хӏинца, гӏа́лахь, йо́гӏуш-йоьдуш йухкуш, кхехкийначу хьаьжкӏех бӏаьрг кхетча, карлайуьйлу сайн бе́раллера дашо хьаьжкӏаш.
Тайнигаш ца хиллехь а, бе́ралла хаза йара тхан. Тхан компьютерш, планшеташ ца хилла. Амма дашо хьаьжкӏаш-м йара.
– Де́ца, тху́на а лаьа дашо хьаьжкӏаш ган. Вайн хир йуй уьш?
– Хир йу, Да́ла мукъ лахь. Шуна хеттарг бен дашо йац шуна, бе́раш, дуьнен чохь цхьа а хӏума.
Хьаьжкӏийн буьртигаш е́ца къайлах ахча гулда барт хилла хилле́ра бе́рийн.
ЗАЙНАП ЭЛЬДЕРХАНОВА