“Де́ла во́цург накъост во́цуш” пьеса йуьккъе́ра гимн
И Де́ла ша́ во́цург, накъост ца хиллачахь
Нохчаллех ца духуш, дирзи вай цӏа.
Дуьненчохь уггаре со́баре лаьмнашкахь
Де́хар вай ирсах ца хьоьгуш кхи цкъа́.
Харцоно ӏа́дийна лаьттина латта
Сагатдеш, дилхина шовданийн хиш
Шу-м хӏинца, тхо санна, даккхийдеш, лаьтта
Гурда́ций шуна – м тхан бӏаьргаш чохь хиш.
Даккхийдеш чукъерза стиглара седарчий
Ирс ӏенош, чукхетта и дашо малх.
Ца гиний шуна – м тхо горъегна цкъа́ а.
Ца гиний шуна – м тхо къарделла цкъа́.
Со́барца, хье́къалца, эхь – ийман де́бийна
Де́хар вай Нохчаллех ца духуш цкъа́.
Йилбазан букъ бойна, бакъо а толийна
Де́хар вай ца хедаш вайн махках цкъа́.
И Де́ла ша́́ во́цург, накъост ца хиллачахь
Нохчаллех ца духуш, дирзи вай цӏа.
Дуьненчохь уггаре со́баре лаьмнашкахь
Де́хар вай ирсах ца хьоьгуш кхи цкъа́.