Хьала а иккхина, ӏад оьзна, пха тоьхна Жоьра-Бабин Жонсаркъас. Деган метта кхетта, хьоьвззина, динара чувахана ӏаьржачу-Хожин ваша. Паккха ше́н на́къосте кхайкхина Жоьра-Бабин Жонсаркъа:
— Э́ла Тепсаркъа, корта а, тӏера коч-хеча а схьада́ккха хӏокху велла ӏуьллучу Хожин веши́н.
— Со ваьхьар вац, аса боккхур бац цуьнан корта а, йа цунна тӏера коч-хеча а. Ваьхьар вац со, — бо́хуш, инзарваьлла хьоьвзина э́ла Тепсаркъа.
— Схьабаккха цуьнан корта, хӏумма а хир дац хьу́на, иза-м велла ӏуьллуш вуй, схьа ца баьккхича бе́р бац иза. Со динара охьавоьссича, йуха тӏехаълур во́цуш, чов хилла су́на, — аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъас.
Э́ла Тепсаркъа, хӏуъу а хилча а, ца тигна велла ӏуьллучу ӏаьржачу Хожин веши́н корта а, йез-да́рин коч-хеча а схьада́ккха.
Динара охьа а воьссина, хьовззийна корта а, йез-да́рин коч-хеча а Хожин веши́на тӏера схьадаьккхина Жоьра-Бабин Жонсаркъас. Уьш ше́н таьлсаш чу дехкина ваьлча, йуха ше́н дина ца ва́лалуш висина иза.
— Хӏан-хӏа, э́ла Тепсаркъа, — аьлла цо тӏаккха, ше́н тешнабехк дагахь болуш волчу, йа́мартчу на́къосте, — Жоьра-Бабин Жонсаркъа вехка а вихкина, дахьа ас, а́лий, хӏара йез- да́рин кучамашший, хечешший, говрийн ре́мий вайша ший а тӏехьийзаш волчу йоӏе дӏалолахь. Тӏаккха хӏара кхо корта сан не́не дӏалолахь, со цӏа во́гӏур во́цуш вуйла дӏа а хаийталахь...
Циггара, Жоьра-Бабин Жонсаркъа вита а витина, цӏа вахана э́ла Тепсаркъа. Жоьра-Бабин Жонсаркъа вехка а вихкина, во́гӏу ша аьлла, йез-да́рин бедарш а, говрий ре́ма а йоӏе дӏа а йелла, ткъа Хожин а, цуьнан вежарийн а кортош Жоьра-Бабин Жонсаркъин не́не дӏаделла.
— Хӏумма а дац, ше́н а, ше́н ден а чӏир-х лехний цо, — бо́хуш, бӏархиш къайллах, куьг хьокхий, дӏадо́хура Жонсаркъа виначу на́нас.
Хӏорш тӏехьийзаш хиллачу э́лан йоьӏан са кхиъна, э́ла Тепсаркъас Жоьра-Бабин Жонсаркъа вихкина цахиларх. Ше́н говр-ворда а йоьжна, арайаьлла, цхьана дуьнен тӏоьхула дӏайоьдуш, велла ӏуьллучу Жоьра-Бабин Жонсаркъина тӏе кхаьчна иза.
Тӏаккха, сов дукха цунна йилхина, бӏаьргаш а кхоьлина, лаьтташ Жонсаркъин говр а хилла.