Нохчийн йарташ басошка йуьйлу, тӀаьххьарчу гуьйренан малхехь йохъйала гӀерташ.
Ехачу гуьйренца гуш а ца хилла иолу уьш хӀинца дика къаьста.
ХӀинца дсрриге а дика къаьста.
ХӀинца суна со а дика къаьста
Паналлин массо а маьПехь.
Сан когаш, некъаша биъна, базбелла — исс шахьар голашка йихкича сапна, беза бу уьш.
Ткъа суна уып байбан лаьа.
Суна верриге а вайвала лаьа.
Суна хьан кха тӀсра чемхалг хила лаьа,
Даймохк, маьлхан зӀаьнаршка
Со хьан хӀаваэхь ловзавайта,
Мацца а хьан лаьтта вужур вуйла а хууш.
Нохчийн йарташ тТаьххьарчу гуьйренан' малхехь басошка йуьйлучу дийнахь, ламанах дагайуьйлу дохкк марха санна, хьох дагавийла лаьа суна, Даймохк.