Гӏезамхий, Пезаман Ӏе́лий, бо́хуш, да а, кӏант а хилла нохчех схьаваьлла. Цхьана дийнахь кӏантана дагадеара, шен жа дебо, лам чу ваха. Оцу ӏа́лашонца иза лам чу вахара.
Туллам-Огӏо хилла наьртех тоьлла наьрт. Иза хилла, исс эзар цӏе йолчу ша́хьарахь ве́ха цхьа а стаг шен цӏе йаккха ца ваьхьаш верг. Иза вахана Гӏе́заман Ӏе́ла волчу, ла́манал говр а йолуш, ло́ман эханнал ша́́ а волуш.
— Ва́гӏахь, бертахь схьавалор ву, ца ва́гӏахь, бертаза жа а, ша́́ а валор ву, — аьлла, вахана Туллам-Огӏо.
Делкъа хан хиллале йолчу хе́нахь, говр кхаьчна цуьнан цига, делкъа хан хилча, ша́́ а кхаьчна, Гӏе́заман ӏе́лина вуьйцуш хезна Туллам-Огӏо. Туллам-Огӏос да́лале, Гӏе́заман Ӏе́лас салам хьалха ша́ делира. Цул тӏаьхьа Туллам-Огӏона даг тӏе кхерам тесира. Говра тӏера, хьа́ша́ санна, охьавоссийра цо Туллам-Огӏо.
Тӏехьаьжна ойла йира цо, мас уьстагӏ биъча, тӏераве́р вара-те́ хӏара хьа́ша́, аьлла.
— Кхуьнга де́ра баалур бац цхьа уьстагӏ бен, цхьаъ баахь дика буу, — ойла йира цо.
Шена а, цунна а цхьацца уьстагӏ бийра цо тӏаккха. Гӏе́заман Ӏе́лас цо йуучу хӏуманан тидам беш хилла. Йуург меллаша йууш хилла цо. Туллам-Огӏос ах уьстагӏ баале, Пезаман Ӏе́лас дийнна уьстагӏ биъна, Туллам-Огӏос чорпин цхьа кад малале, Гӏе́заман Ӏе́лас чорпин йай мелла. Сахилча, шен жа генна дӏа а лаьллина, хаттар дина Гӏе́заман Ӏе́лас Туллам-Огӏога:
— Хьо сте́нна а́раваьлла, цхьа гӏуллакх до́цуш веана хир вац хьо? Хӏинца хьан гӏуллакхе а хьожур ву со.
— Со-м кхин доккха гӏуллакх долуш а ца веана. Хӏокху махка хьо веана, аьлла хезна, хьоьца гергарло таса веара, — аьлла, Туллам-Огӏос.
Туллам-Огӏо цӏа вахара. Цул тӏаьхьа диъ шо за́ма йе́лира. Шен осалчу наьрташка э́лира цо:
— Гӏе́заман ӏелин жа а дебна хир ду, со цигара цӏа веана диъ шо за́ма а йаьлла. Аша, даха а гӏой, цуьнан жа схьада́ладе, бертахь ва́гӏахь, ша́ а схьава́лаве, аьлла. Уьш баьхкина схьакхе́чира Гӏе́заман Ӏе́ла волчу. Кхузткъе кхо наьрт вара уьш.
— Хьо бертахь ва́гӏахь, хьо вига а, жа дига а даьхкина тхо, — э́лира ца́ра цуьнга.