Бӏаьрзе дитташ тӏеттӏа те́ӏаш хьуьйсу,
Вовшех хеба бӏаьрзе бурсанаш (Коьллийн тайпа).
Эвлайистехь сецна тховса буьйса,
Дассадина сахьтийн бустамаш
Анайисте цкъа малх баре хьежна,
Баттах хилла сийна шагала.
Нохчийн а́ре йижна, лаьмнех тешна,
Бӏаьрг дӏакъовлуш хийла шахьаран.
Иштта йолчу буьйсанаша дууш,
Сан сибат а хаъал хийцина...
Хӏокху хе́нах, иллеш до́хур ду ас,
Винчу лаьтте дагардийцина.