Хьо су́на хьа́рам йу — и дешнаш дуу ас хӏинца,
Со му́ха кхе́та кху да́харо хӏоттинчу киртигах?
Хьо су́на хьа́рам йу — и дешнаш дозу сан цӏийца,
Сан некъийн энаш тӏехь дагардеш дицдан мел гӏиртинарш.
Хьо су́на хьа́рам йу, назбаран аьхналла санна,
Беттасан когийн бен кхин тата до́цучу буьйсанна,
Хьо су́на хьа́рам йу, шайтӏанна беза дуй санна,
Ткъа хӏунда кхолламо вайн некъаш, цхьа берд беш дуьйцина?
Хьо су́на хьа́рам йу — лазаман тӏаьххьара дийцар
Кхерстарца доьшу ас дешначохь хьан когийн чӏурамаш.
Хьо су́на хьа́рам йу — и дешнаш лозу сан цӏийца,
Лозу сан кхе́тамехь хьо лелла, хьо лела урамаш.