Со теша кхоьллина хилла,
Со хилла цкъа эша вина,
Са де́лча, дош луш ца хилла,
Дог луш ца хилла, йуьхь йелча.
Ба́ланех вина со хилла,
Со хилла ойланех вина,
Хӏо́ранна хийра хир, аьлла,
Массарах къахка а вина.
Со хилла де́къазчун илли,
Йа хилла Ӏай даьлла дохкк,
Дуьненчу веача дуьйна —
Сингаттам, ба́ла йа бехк...