...Сан доьхна куьйгаш гирий хьу́на,
Сан баьгна когаш гирий хьу́на,
Гирий хьу́на со дӀавууш кха́ра,
Йисна даьӀахкаш кхуьйсуш корал а́ра?
...Сан хӀо́ра дош диси хӀинца кхалха.
Сан хӀо́ра мохь биси буха а белха.
Йуха а лараш, лараш хьоьшу кха́ра,
Йуха а даьӀахкаш ма кхийссахьа́ра… а́ра.
Йуха а некъаш — динарш бӀе шо хьалха,
Йуха а бӀаьргаш — хилларш эзарзза.
Некъаш до́гу, бӀаьргаш о́ту кха́ра,
Шайнаш, хьайнаш цхьаьна — хӀо́разза…