Ша́ лейина хилар ца ла́луш, дӏа́сахьийзара цхьо́гал, хӏун дийр ду ца хууш. Ша́ цомгуш хилла, бо́хуш, гайх кадетташ, цӏийзара, узарш а деш, дитта кӏелахь дӏа́сакерчара цхьо́гал.
Оцу хе́нахь таллархойн а, це́ран жӏаьлийн а йоьвлла гӏовгӏанаш хезира цхьо́гална.
Цхьо́гал
— И хӏун гӏовгӏа йу-те? — хаьттира цо а́кха-котаме.
А́кха-котам
— Шек дӏа ма йа́лалахь, уьш-м барзана тӏаьхьа боьвлла жаӏуй бара, — жоп делла а́кха- котамо.
Дукха хан йа́лале, «гӏалх-гӏилх» а деш, таллархойн жӏаьлеш гучудоьвлира, уьш цхьо́гална тӏе тасаделира. Цхьо́гал шен ницкъ ма б-бу дедда, кӏелхьарада́ла гӏоьртира, жӏаьле цуьнан лорах доьлхура.
Хала де́ла балица це́ран ирачу цергех даьлла цхьо́гал. Цхьана доккхачу жӏаьлин багахь цӏога а дуьсуш, коьллаш йукъахь цхьо́гал кӏелхьарадаьлла. Кӏад а делла, мацалла дала доллуш, чоьвнаш лозуш, ӏуьллура цхьо́гал.
Цхьо́гал
— Ва́ везан Де́ла, сан дайша а, ден дайша а, ворхӏе а дас а цкъа́ а ца доладора-кх шайн гӏуллакх «бисмиллахӏир-рохьманир-рохьим» бо́хучу дешнашца, сан хӏун гӏуллакх дара бага дӏайелла Ма йуьхьӏаьржо йу xlapa! А́кха-котамо хӏилла ди-кх су́на, — бо́хуш, холчудахане́ра цхьо́гал.
Цу хе́нахь дуьйна, шена а́кха-котам гича цхьо́гало цунна боккха го тосу, бо́ху.