Синхаам тӏекӏел а баьлла,
Соцур бу ша́ боллучохь,
Цӏеххьана меттах а даьлла,
Хьовзеор ву хьо доллучео.
Дужур ду, тӏе́маш а да́гош,
Кхетаман син олхазар.
Лаьтто а, стигланаш ӏа́доуш,
Го боккхур бу борхӏазза.
Кхойкхур йу хьоь вина на́на:
«Ма ва́ла хьо да́къаза,
Ма лехахь ахь бо́цу ба́ла,
Хьо ирсах ма ваккхахьа!»
Цунах хьо кхе́тар ву дика:
Не́нан дог, и иштта ду.
Амма хьайн некъан чам хиъна,
Де́къаза хьо ирсе́ ву.
Йуха хьоь кхойкхур йу зуда:
«Ахь йаьккхи со да́къаза, .
Ба́ла бац хьайн лаьттан уьрдан,
Ца хаьа сом да́ккха а».
Цунах а кхе́тар ду дог хьан:
Зуда а и зуда га-кх.
Амма хьан де́кхар ду доккха,
Комаьрша хьо сутар ву.
Тӏаккха хьоь кхойкхур йу хӏусам,
Хьо вина, кхиийнайерг:
«Верзахьа, верзахьа йуха,
Са кхачо хьо кхиале!»
Цунах а хала дац кхе́та;
Цо йуьйцург ше́н йовхо йу.
Йуха а, йуха а леташ,
Хийламма хьо човхор ву.
Хийла хьо ворур ву, амма
Са кхачо ницкъ кхо́чур бац:
И синан кӏезгалла хилла
Йаьккхина ахь ко́чара.
Накъост а во́цуш, хьайн букъ тӏехь
Ахь лайча и де́лан ӏад,
Хьан де́ган ӏаьршашна йуккъехь
Кхе́тар ду цхьа стелаӏад.
Цкъа мацах, цкъа мацах хьалха
Кхетамза ахь къастийна
Илланчийн къийсаме да́хар
Ворхӏ басахь цо къа́гийна.
Кхин цхьаъ а йеза гӏулч йаккха
Гӏаттор ву хьо къийсамо!
Кхин цхьаъ а лекха гу баккха
Ойур ву хьо сийлалло!