Йуххехь ӏap-да́хар нисделла гӏарагӏулин а, цхьо́галан а. Дика лу́лахой а хилла laш хилла уьш. Гӏарагӏули, шена бен а бина, xloaш тӏе хиъна. Хан-зама йаьлча, кӏорнеш даьхна цо.
Цхьо́гало а кӏе́зий дина. Xӏópа ӏуьйранна гӏарагӏули сатоссуш ижу́́ лаха йоьдура, ткъа цхьо́гал цӏахь дуьсура, цуьнан а, шен а бе́рашка а хьожуш, дан дезарг а деш.
Гӏарагӏули дӏа ма йахханехь, цхьо́гало гӏарагӏулин кӏорни схьа а лаьцна, корта а хьовзийна, ур-атталла цхьа даьӏахк а ца йуьтуш, дӏакхаьллира. Гӏарагӏули цӏа йеъча, доьхна хьоьвзира цхьо́гал:
— Ва, гӏарагӏули, ма чӏо́гӏа вон деъна-кх вайга! — э́лира цо.
— Хӏун хилла? — хаьттина гӏарагӏулино.
— Вайн цхьа бе́р дайна, мича дахана а ца хууш. Аса массо а меттахь лийхира и, су́на цхьаннахьа а ца карийра.
— Хье́нан кӏорни дайна? — хаьттира гӏарагӏулино.
— Ой, вайниг дайна-кх, вайниг, — э́лира цхьо́гало.
— Хьайниг дайна йа сайниг дайна?
— Йе́ха ворта а, йе́ха настарш а йолуш дерг дайна.
Кхийтира гӏарагӏули шен кӏорни дайний. Цхьо́гал дукха чӏо́гӏа холчухӏоьттина хьоьвзича, гӏарагӏулино э́лира:
— Са ма гаттаде, хилларг хилла даьлла, иштта йаздина хилла-кх вайн кӏорнина.
— И бакъ ду, — тӏетайра цхьо́гал, — иштта кхоллам хилла-кх цуьнан. Шолгӏачу дийнахь гӏарагӏули йуха а ӏуьйранна ижу́ лаха йахана, ткъа цхьо́гало, сихха схьалаьцна, дӏакхаьллира гӏарагӏулин шолгӏа кӏорни а. Гӏарагӏули цӏа йеъча, чӏо́гӏа йоьхна, холчухӏоьттина, делхха доллуш, дуьхьал а даьлла, хаам бира цхьо́гало, кӏорни дайна, аьлла. Гӏарагӏулина хиъна, йуха а шен кӏорни дайний, холчухӏоттарх кӏорни йухадерзалур дац, бо́хуш, цхьо́гал тедан гӏертара и.
— Массо а хӏуманна Де́лан лаам бу-кх, — э́лира цо.
— И бакъ ду, — тӏетайра цхьо́гал. — Де́лан лаамца къиссалур дац. Тӏоьхула моттаргӏанаш а лелош, гӏарагӏулин кӏорнеш дайна, шена чӏо́гӏа халахетта кеп а хӏиттош, къайллах, гӏарагӏулех цадешаш, делакъежара цхьо́гал.
Масех де даьлча, массо а гӏарагӏулин кӏорни йиина де́лира цхьо́гал. Хӏинца, гӏарагӏули кара муха йо́гӏур йара-те́, бо́хуш, ойла йора цо, и кхо́чушдан аьтто а лоьхура цо.