Хьалхалерачу заман чохь цхьана ден кхо кӏант а, кхо йоӏ а хилла. Цу кхаа кӏантах жимах верг царалахь дена дукха везаш а, хьоме а хилла. Иза дена дукха везарна, важа ши ваша цуьнца гамо йолуш хилла. Дас ша леш, весет дина кхаа кӏанте:
— И вайн кхо йоӏ ша веллачул тӏаьхьа, еха веанчу стаге а, олхазаре а, милла а, хӏуъу а ягӏахь, маре лолаш, — аьлла.
Да веллачул тӏаьхьа дикка зама дӏаяханчу хенахь, царалахь жимах йолу йиша еха кхокха беана. Дас дина весет кхочушдарца кхокхе маре елла кхаа вашас цхьа йиша.
Цхьа зама яьллачул тӏаьхьа куьйра деана шолгӏа йиша еха. Шолгӏа йиша а елла, куьйра а дӏадахийтина вежарша.
Цул тӏаьхьа леча деана кхоалгӏа йиша еха. Иза цуьнга а елла, леча а дӏадахийтина.
Шайн йижарий муьлхачу махкахь бу ца хууш, уьш муха беха ца хууш, сахьийзаш хилла кхо ваша. Тӏаккха цара барт бина:
— Вай лела даха деза, вешан йижарий а лохуш, — аьлла.
Шайн дойшка а хоьвшина, герзаш а дихкина, лела бахана вежарий.
Кӏезиг боьлхуш, дукха боьлхуш, гена дуьненан махка кхаьчна уьш. Цхьана пана махкахь кхузза тӏекӏелйина гӏала карийна царна. Цу гӏалин гондахьа а хьоьвзина, воккхах волчу шимма аьлла жимах волчуьнга:
— Цу гӏали чу а гӏой, цу чохь хӏун ду хьажий вола, — аьлла. Кхоалгӏачу гӏали тӏе а ваьлла, неӏ йиллина дӏахьаьжча, цунна чохь кхо йоӏ карийна жимах волчу вешина. Кху кӏанте чӏогӏа безам баханчу царах йоккхах йолчо аьлла:
— Ахьа йигахь, со хьоьга маре йогӏу?
— Соьга ма йола, сол воккха ваша ву сан, сайн нус йийр ю аса хьох, воккхах волчу вешега йола, — аьлла кӏанта.
Шолгӏачо а аьлла, ша йигахьара ахьа.
— Хьо а шел воккхах волчу вешина юьгур ю ша, — аьлла кӏанта.
Жимах ерг шена а, важа ши йиша шен шина вешина а ялош, ара а ваьлла, шен шина вешина тӏевахана xlapa. Ялханнан а барт а хилла, цхьацца йоӏ шен-шен говрашка а хаийна, церан хазна а эцна, цӏехьа юхавирзина кхо ваша.
Цӏа богӏуш, новкъахь, цхьа дол веха ша а волуш, ши дол еха маж а йолуш волчу стагана тӏе кхаьчна xlopӏn. Ша а вигахьара аша шайца, говраш ӏалашъян дика хир вара ша шуна, аьлла цо воккхах волчуьнга.
— Говраш ӏалашъян нах тхан шортта бу,— аьлла, тӏехваьлла воккхах верг. Шолгӏачуьнга а аьлла лохчу стага, цуьнга санна.
— Шена ца оьшу хьо, хьох дан хӏума дац,— аьлла, иза а тӏехваьлла. Тӏаккха жимах волчу веше аьлла кхо, ша вига. Цунах къа а хетта, шена тӏехьа йолчу йоӏана тӏехьа, говра тӏе хаийна кӏанта лоха стаг.
Хӏокху кӏантана ца хууш, тӏехьара йоӏ а эцна, говрара охьаиккхина, вахана хилла некъахо. Иза хилла шен дегӏах шена луъург а ялуш, хьалха заман чохь дуьйна вуьйцуш волу ӏаьржа-Хожа.
Шена тӏехьа и шиъ доций а хиъна, хьалхарчу шина веше хӏумма а ца олуш, жимах верг юхавирзина.
— Муьлхачу aгlop йигина хиъча тӏаьхьагӏур вара ша, дуьхьал хӏоытина и хилча-м цунах летта лийр вара, кху дуьнен тӏехь иза елахь, караяза цӏен тӏе воьрзур вац ша, — аьлла, дӏавахана жимах волу ваша.
Кӏезиг воьдуш, дукха воьдуш, хийла зама ядийна, цхьана юьрта кхаьчна кӏант. Цу юьртан хи оьцучу а вахана, хьаша мила лоцур вара-те ша, бохуш, хӏоытина лаьтташ хилла xlapa.
Хи йистехь кӏант лаьтташ, кхунна тӏе еана кхокхане яхана йиша.
— Вай, со йиша яла хьан, хьо мичара вели?!—аьлла йишас, ма гиннехь, шен ваша а ӏ45воьвзина. Вадийна шайга вигна xlapa. Говр паргӏат а йина, цӏахь паргӏатваьлла кӏант ӏачу заман чохь, беана кхокха цӏа кхаьчна. Цӏа ма боггӏура, ша кечлуш болчу цӏа чу а бахана, бегабелла шена тӏера мае охьа а йожийна, шена тӏе кхин духар а дуьйхина, стунвеше маршалла хоттуш, чубеана кхокха-нуц. Иштта могаш-паргӏат хоттуш, чохь сакъоьруш ӏачу заман чохь, кӏанта хаттар дина невце:
— Аренца лелаш а бара-кх хьо, керла хӏума дац хьан дийца? — аьлла.
— Кхин керла хӏума-м дац, делахь а тахана цхьа тамашина хӏума-м дайна суна. Кхо ког болчу говрахь ӏаьржачу-Хожас ядийна юьгуш дукха башха хаза цхьа йоӏ яйра суна. Кхин керла хӏума дац суна гина а, хезна а, — аьлла кхокхано-невцо.
— Муьлхача́гӏоьа вахара и ӏаьржа-Хожа? — аьлла, хаттар дина стунвашас.
— Малхбалехьа вахара иза, — аьлла, жоп делла кхокхано.
Кхин невце-кхокхане цунах лаьцна къамел ца деш, шолгӏачу ӏуьйранна кеч а велла, кӏант Малхбалехьа новкъа ваьлла.
Кӏезиг воьдуш, дукха воьдуш цхьана юьрта кхаьчна иза. Цигахь воьвзаш хьаша а воцуш, вукха юьртахь санна, хи йистехь сецца кӏант. Еана тӏекхаьчна кхуьнан куьйране маре яхана йиша.
— Вай, со йиша яла хьан, делаӏ! — аьлла, мараиккхина, вадийна дӏавигна цо ваша.
Говр паргӏат а йина, xlapa ӏаш, суьйранна куьйра цӏа деана. Ша кечлучу дахана, шена тӏера мас охьа а йожийна, тӏе кхин духар а дуьйхина, стунвеше маршалла а хоттуш, чудахана куьйра.
Могаш-паргӏат хоттуш, стунвешица къамеле ваьлла xlapa ӏаш, кӏанта хаттар дина цуьнга:
— Хьо аренашкахула лелаш а дара, дийцахьа, селхана-тахана керла хӏун хезна, хӏун дайна хьуна? — аьлла.
— Кхин керла хӏума а ца дайна суна. Селхана кхо ког болчу говрахь ӏаьржачу-Хожас йоӏ юьгуш гира суна. Сайн куьйран ницкъ тӏетаӏӏийна, тӏаьхьаиккхира со, тӏаьхьа а ца кхиина юха дирзира ша. Кхин хӏума-м ца дайна суна, — аьлла, жоп делла невцо.
— Муьлхача́гӏоьа вахара иза?
— Малхбалехьа вахара, — аьлла невцо.
Шолгӏачу ӏуьйранна кеч а велла, кӏант Малхбалехьа новкъа ваьлла.
Кӏезиг воьдуш, дукха воьдуш, хийла зама такхийна, сарахь цхьана юьрта кхаьчна иза. Хи йисте а вахана хьаша лаца стаг карор вац-те, аьлла, ладоьгӏуш ӏaш хилла кӏант. Еана лечане маре яхана йиша тӏекхаьчна кхунна.
— Вай, со йиша яла хьан, делаӏ! — аьлла, йишас вадийна шайга дӏавигина ваша.
Говр паргӏат а йина, даарца-маларца ваша паргӏат а ваьккхина, йиша laӏn, деана цӏа кхаьчна леча. Шен кечлуш долчу цӏа чу а дахана, шена тӏера мае а йожийна, кхин духар а дуьйхина, стунвеше маршалла а хоттуш, чудеана леча.
Могаш-паргӏат хаьттина, къамеле ваьлла, сакъоьруш ӏаш, кӏанта хаттар дина невце:
— Аренца лелаш дара-кха хьо, леча, дац хьан дийца керла хӏума? — аьлла.
— Кхин керла хӏума а дац. Кхо ког болчу говрахь ӏаьржачу-Хожас ядийна юьгуш цхьа ӏаламат хаза йоӏ яйра суна. Сайн лечанан ницкъ тӏетаӏийра аса, тӏаьхьакхуьург а ца хилла, духа дирзира со. Цу йоӏах чӏогӏа къа а хийтира суна, — аьлла лечано.
— Муьлхачу arlop йигира-те цо иза?
— Малхбалехьа дӏавахара иза, — аьлла, жоп делла лечано.
Шолгӏачу ӏуьйранна Малхбалехьа ваха араваьлла кӏант. Кӏезиг воьдуш, дукха воьдуш, хийла зама ядийна, цхьана юьрта кхаьчна xlapa. Цу юьртахь хи йистехь кӏант ӏaш, еана тӏекхаьчна кхуьнан ӏаьржачу-Хожас ядийна езар.
— Вай, со яла хьан! —аьлла, мохь а баьлла, кӏантах бӏаьрг кхетча, хаттаре яьлла йоӏ, —
хьо муха кхаьчна кхуза?
— Ша кӏезиг вогӏуш, дукха вогӏуш, хьуна тоха собар а ца хилла, сагатдина кхечи кхуза.
Же, вайша х!инца дӏадаха деза, — аьлла кӏанта.
— Вайша додур-м дара, амма дедча, дер дуй-те вайша? Со ялийнчу ӏаьржачу-Хожин кхо ког болуш маса говр ю, ша а боккха ницкъ болуш ву иза, хьуна ӏаьржачу-Хожас зен дарна ӏ46кхоьру со, — аьлла йоӏа.
— Далахь дер ду вайша, ца далахь лийр ду, — дӏа ца дахча, йиш-м яц, — аьлла, кӏант, йоӏ а эцна, дӏаиккхина.
ӏаьржа-Хожа оцу ша бинчу некъехь гӏел а вела, вижина ӏуьллуш хилла. Вижар-садаӏар цуьнан муха хилла аьлча: хӏокху пӏерасканехь, цхьа лерг кӏел а диллина, важа тӏе а тесна, дӏавижча, вукху пӏерасканехь гӏоттуш хилла. Массо а хӏуманах са а кхуьуш, адамийн маттахь йист а хуьлуш, хилла Хожин говр. Йоӏ ядийний а хиъна, говр божалан гӏораш а кегдеш, Хожа волчу иккхина. Лерга юххе тӏа тоьхна, ӏаьржа-Хожа самаваьккхина цо.
— Хӏун хилла? — аьлла, самаволлушехь, хаттар дина ӏаьржачу-Хожас дине.
— Йоӏ юьгу вайшиннан, — аьлла говро.
— Йиина доьду, я яаза доьду вайша цунна тӏаьхьа? — аьлла, хаьттина ӏаьржачу-Хожас.
— Йиина дахча а кхуьур ду, яаза дахча а кхуьур ду, — аьлла говро. Шаьшшинна парггӏат хӏума а йиина, шен кхо пунт йогӏу чхьонкар а эцна, ӏаьржа-Хожа тӏаьхьаваьлла.
Дукха зама ялале, кӏантана а, йоӏана а тӏаьхьакхиина ӏаьржа-Хожа. Меллаша тӏехьара йоӏ схьа а эцна, шен чхьонкар тоьхна, кӏант аьтта дӏавахийтина ӏаьржачу-Хожас.
Юхадирзича, ӏаьржачу-Хоже йоӏа аьлла:
— Цуьнан массо а даьӏахк таьлсаш чу а йиллина, говр юха хьажаяхьара ахьа, — аьлла.
Кхуьнан дехар кхочушдина ӏаьржачу-Хожас.
Говр кӏезиг йоьдуш, дукха йоьдуш, лечанехь йолу йиша йолчу кхаьчна. Йиша шийлачу маьхьарца, догӏанца йоьлхуш ӏаш, деана леча цӏа кхаьчча. Шен стунваша вийна даьӏахкаш шена гича, лечано шен цӏийннене аьлла, хаза цуьнан дог а оыгуш:
— Хьо елха а ма елха, йоха а ма йоха, xlapa, тохара санна, товина дӏахӏотто молха ду сан,
— аьлла.
Шена тӏеюхучу месех, кхо мас а яьккхина, уьш кӏентан даьӏахкех хьаькхна лечано, цунах дарба а даьлла, чу са а деана, денвелла дӏахӏоттийна кӏант. Чу са деъча, ша набарх волуш:
— Дукха зама хилла со вижина, — аьлла, хьалагӏаытина кӏант. Йиша чӏогӏа йоккхаеш йисна.
Кхана ӏуьйранна кечвелла, юха а вахана, тохара санна хи йистехь xlapa кӏант лаьтташ, тӏееана йоӏ. Кӏанта йоӏе аьлла:
— Иштта идарх вайша ӏаьржачу-Хожера дер дац. Иза хьастий а, хьагий а говр мичара яьлла хьуна алий дицийта цуьнга. Тӏаккха ша, и тайпа говр а ялийна, хьо ядор ю.
Йоӏа Лерина, хьастаелла, ӏаьржачу-Хоже хаттар дина, и говр мичара яьлла, аьлла, дехар деш. ӏаьржачу-Хожас ма дарра йоӏе дийцина:
— Малхбалехьа цхьана гена махкахь, хӏордан йисттехь, гӏамар тӏехь цхьа кхел ю. Xӏop шарахь бекъа йо цо. Ша йин-йина бекъа, цу гӏамар тӏехь даа хӏума а ца хуьлий, мацаллина юу цо. Кху деношкахь ехкар йолуш а ю иза. Xlapa бекъа яло воьдуш, цхьа ког биъначу хенахь тӏекхечира со, кхел юза а йина, цуьнгара яьккхира аса. И кхел жижиггий, даьттий бен, хӏумма а юуш а яц.
Иштта цо дийцинарг, йоӏа яхана кӏанте дӏадийцина. Кӏант цига ваха новкъа ваьлла.
Кӏезиг воьдуш, дукха воьдуш, хӏорда йистерчу гӏамар тӏехь йолчу кхелана тӏе кхаьчна кӏант. Ша кхелана тккхаьчча, цунна жижиг, даьттий дао долийна кӏанта. Цхьа хан яьллачу хенахь кхел бекъа ян йоьлла. Ша юзаярна, там баьллачу кхело кӏантана хьехар дина:
— Кӏант, батт арайоллушехь бага дуьрста йоллалахь цунна, гӏодаюкъ арайоллушехь тӏе нуьйр а тиллий, кхо бухка бехкалахь, цӏога арадоллушехь мулгӏа дӏатасалахь, беа кога тӏе ирахӏуттушехь, тӏехаалахь цунна, — аьлла.
Кхело шена дина хьехар, дуьззина чекхдоккхуш, кӏант бекъанна тӏе хиина. Тӏехь кӏант а волуш, дуьнен тӏехь кхачаза меттиг ца юьтуш, едда юха а шен нанна юххе еана бекъа.
— Дуй шена тӏехь хӏумма а? — аьлла, хаьттина бекъо нене.
— Со, кӏант-м, ву хьуна тӏехь,— аьлла, голаш таӏийна кӏанта.
ӏ47— Делахь, хьуна со хьанал хуьлда. Сайн ненан шуьрех юзийта со, тӏаккха вайша хьуна луъучу aгlop дӏа a rlyp ду-кх, — аьлла бекъо.
Юззалц, шен ненах бекъа якха а якхийтина, масийтта дийнахь ша бина некъ, сохьтехь балла бен ца хуьлуш, ӏаьржачу-Хожас ядийна йоӏ йолчу кхаьчна кӏант. Кетӏа вахана, кхайкхина йоӏ ара а яьккхина:
— Же, ма ӏелахь, хӏинца вайша додур ду,— аьлла кӏанта йоӏе.
Йоӏ тӏехьа а хаийна, кӏант цӏехьа ван новкъа ваьлла. И ядийний хиинчу кхаа кога тӏехь йолчу говро, лерга юххе тӏа а тоьхна, ӏаьржа-Хожа сама а ваьккхина, цуьнга хаам бина, йоӏ ядийна вайшиннан, аьлла.
— Йиина дахча кхуьур ду вай, яаза дахча кхуьур ду? — аьлла, хаттар дина ӏаьржачу- Хожас.
— Йиина дахча а кхуьур дац, яаза дахча а кхуьур дац,— аьлла, жоп делла кхо ког болчу говро.
Чехка кечвелла, шен кхо пунт йолу чхьонкар буйна а йоьллина, ӏаьржачу-Хожас шен говр тӏаьхьахаьхкина.
ӏаьржачу-Хожина ша тӏаьхьакхиа воллу а моттуьйтий, иза юххе а кхочуьйтий, говр хохкий, тӏаппъолий, вовш хилла кӏант. ӏаьржачу-Хожин говр гӏелъяла йоьлла. Тохара санна, шаьш юххекхаьчча, ӏаьржачу-Хожин говр мохь тоьхна йистхилла кӏант тӏехь волчу говре:
— Цхьана нанас йина ши ваша ма яра вайша, шена бо ницкъ ца го хьуна кхо, тӏаьхьакхиийтахьара ахьа тхойша, — аьлла.
Вукхо жоп делла:
— И боьха хӏума тӏе а хаийна лелачу хьох шена къа ца хета. Ша шена тӏехь волчу дега верта кхуссуьйтур ду хьуна, цунах къаьхкинчуха хьайна тӏераниг охьа а кхоссий, мийраш беттий вен а вей, шайна тӏаьхьахӏотта, — аьлла.
Кӏанта белшах долу верта охьа а тесна, цунах кхераелла говр, дӏаиккхина, ӏаьржа-Хожа охьавоьжна. Тӏаккха, тӏе когаш биттина, иза вен а вийна, кхо ког болу говр вукхарна тӏаьхьакхиина.
Шен йоӏ а ялош, ши говр а ялош, кӏант нуц-леча долчу кхаьчна. Цигахь кхаа дийнахь, кхаа бусий ловзар а дина, даккхийчу совгӏаташца лечас кӏант новкъа ваьккхина. Цигара ваьлла кӏант нуц-куьйра долчу кхаьчна. Цигахь а кхаа дийнахь, кхаа бусий ловзар а дина, са а къийрина, кӏант нуц-кхокха болчу вахана. Цигахь веза-воккха тӏеэцна, кхаа дийнахь, кхаа бусий ловзарш дина, даккхийчу совгӏаташца кӏант цӏехьа вирзина.
Цӏахь волчу шина вашас догдиллинчу хенахь, жимах волу ваша, шен нускал а далош, ши говр а ялош, цӏа а веана, мерзачу безамца, дог доккхадерца ваха хиъна.
Дала аьтто бойла церан, массо а диканиг хуьлийла царна.