Кху лаьттан тӏехь лела со
Кӏад а велла лела
Дуьненан къийсамо
Хала ди са деӏар
Маьлхан зӏаьнарш
Йайъина бодано
Дай баьхна латта
Хӏаллак дина тӏамо
Цӏе летта безамах
Чим а Вайна бисна
Вайн хиллачу гӏа́ланах
Гӏамарш вайна йисна
Вайн хилла ма́шарах
Горгам йина йайъина
Тӏом лаьтта бӏе шарахь
Адамаш дайина
Дай-на́ной белха беш
Бе́рийн са до́лу
Цӏий чохь вай керча деш
Мостагӏ тӏе во́гӏу
Вай къинойх цӏан делла
Да́лла бу хастам
Вайна йукъахь цхьа барт хилла
Вай ма-дац къастор
Вайн йарташкахь йо́гӏур йу
Аьхкенан йовхо
Къинхетам Де́лера
Бахьар бу до́гӏано
Дай баьхна лаьттан тӏехь
Хир ду вайн да́хар
Таханле́ра ба́ланца
Ца лаьа су́на ва́ха