Шен буткъа цӏегӏа басахь болу беран пӏелг бахбина-а улло бехьира тӏаккха меттах ца болуш ӏуьллучу поллана, пӏелг меллаша дӏахьакхабалийтира. Кӏентан пӏелго жимма дӏахилор доцург, полла меттах ца хьовра. Кӏант дӏа-схьа хьаьжира, нене агӏора вирзира, гӏодоьхуш санна. Полла меллаша, лозорна кхоьруш санна, караийцира, керан йуккъехь дӏанисбира, чубожарна кхоьруш. Хӏинца бацара можа полла маьлхан зӏаьнарш ловзош, баьццара буц, сийна стигал, кӏайн мархаш санна хаза, хӏаваэхь тӏемаш даржийна хьийзаш санна хаза. Жима кӏант ца кхетара хӏун хилла, амма ша динарг вон дуйла тусаделлера цунна. Малх мархашна тӏехьа баьлла лечкъара цӏеххьана. Велха дог догӏура Рамзанан, стенна делахь а! Зийна а лаьттара, шен кӏантана даьттӏа дог а дицдина, ӏадийча санна.
- Нан-н… Суна чуван лаьа… Хьажахь…, - шен карахь ӏуьллу зезагах тера болу полла ненехьа уьйхьира жимчу кӏанта.
Нана йоьхна лаьтташ гича, вуьйхира кӏант а. Велха лиира цунна чӏогӏа, жима батт а озийра цо, амма ца велхавалора. Ненан бӏаьргах хин тӏадам хьаьдира, бесне тӏехула лара а йуьтуш.
- Нана-а! – олуш гӏийла велхан вуьйлира кӏант а, белшаш а йегош.
Зийна, полланах хетта къа а, шен кӏантах хетта къа а логашаде а хӏоьттина, бӏаьргах йовлакхан са а хьоькхуш улло йеъара. Нене хьала а хьоьжуш, воьлхучура ца сацавалора Рамазан. Кӏант, тӏехула куьйг а доккхуш, маракъевлира нанас.
- На-ан, полла… иза хьала ца гӏотту, - керайуккъера полла, шершина охьабожарна кхоьруш, ларош нене уьйхьира жимчу кӏанта. – Самабаккха-а и!
- Хӏунда туьйхира ахьа цунна сараг? И кхин самабера бац, - кӏентан коьртах куьйг хьаькхира нанас. – Ма велха, сан диканиг, кӏант воьлхуш ца хуьлу. Ларон безаш хиллера ахьа и полла, и жима ма бара хьол а. Хьайл жиманиг, гӏийланиг ларош, цунна дола деш хила ма веза хьо. Хьох къонах хира вац, хьо хьайл а гӏийлачарна ницкъа беш хилахь, ахьа царнна гӏо деш ца хилахь. Хьо дика кӏант ма ву. Вуй?
- Ас кхин лозор бац полла. Лозор бац… сама бала-а, - полле доьхура кӏанта.