Цхьана хе́нахь цхьа-ши къиг хилла йе́хаш-ӏаш.
— Чехка йаха а гӏой, йаахӏума йа́н хи да́ вайна, — аьлла йоккхах йолчо жимах йолчуьнга.
Тӏо́ма йаьлла йахана, сиха хи а деана, йай чу а доьттина, йай кхе оьллина цо.
— Хӏинца йаха а гӏой, цхьанхьа́ра вайна жижиг да́, — аьлла йоккхах йолчо жимах йолчуьнга.
Тӏо́ма йаьлла, йахана жимах йерг жижиг лаха. Дӏайоьдуш-йоьдуш, цунна ахархо гина, латта о́хуш. Говран гоа тӏе а хиъна, къиг цуьнан жижиг ийзо йолайелира. И гинчу хӏилла долчу ахархочо аьлла:
— Хӏе́, къиг, гоа тӏера а ца ийзош, пӏендаршна йуккъе́ра ийзаде и жижиг.
Цо дуьйцург бакъ а хетта, къиг пӏендарш йуккъе́ра жижиг ийзо йолайелира. 3ӏок йиттина-йиттина, кӏад а йелла, цхьа а жижиган да́къа ца даккхаделира цуьнга.
Жижиг а доцуш, йоккхах йолу къиг йолчу йухайирзира къиг.
Оьгӏазъйаханчу къийго жимах йолчуьнга буьрса хаьттира:
— Жижиг деъний ахьа? — аьлла.
— Хӏан-хӏа, ца деана, — жоп делира жимачо.
— Ца деънехь, су́на-м хьайниг а мегар ду, — аьлла, зӏок тоьхна, кхехкачу йайчу кхоьссира йоккхах йолчу къиго жимах йерг.