Цхьана хазчу бӏаьстенан дийнахь, йуькъачу хьуьнхахь цхьана сирачу нана-пхьагала пхиъ дехалергаш долу кӏорни йира. Нанас, шен тӏера тилла схьадаьллачу вуно кӏедачу пухӏах бинчу бовхачу бенчохь ӏохкура кегийра пхьагалан кӏорнеш. Цара-м хӏинца а схьа ца биллинера шайн кегийн, горгийн бӏаьргаш. Хууш ду, хӏинцца дуьненчуйевллачу пхьагалан кӏорнеша шайн бӏаьргаш масех кӏиранах а схьабоьллуш ца хилар. Уьш дийнахь сарралц, буса сахиллалц шайн бовхачу бенчохь набйеш ӏохкура, кегийрачу мерийн мерӏуьргашкахула сих-сиха са а доьӏуш. Амма оцу кегийрачу пхьагалан кӏорнешна йуккъехь цхьа йара массарех а къаьсташ: цо-м массарел а хьалха бӏаьргаш а биллира схьа, шен вежарийн, йижарийнчул а, схьахетарехь, лергаш а дара цуьнан мелла а даккхийн а, деха а. Цундела дарий а ца хаьа, нанас цӏе а тиллира цунна Дехалергаш аьлла. Бӏаьргаш схьабеллар-м ша ду, цуннам сиха дагадуьйгӏира кхаьрсташ йолайала, ткъа цул тӏаьхьа лиира дӏаса йодуш шен дегӏ меттахдаккха а. Нанас безамца хаза кечбинчу бенчохь-м йовха а йара, дика а йара, амма цхьа хӏума дар-кх Дехалергашна ца товш хӏокху бен чохь. Лергаш а таӏош дӏаса йодуш, шен самукъадаккха аьтто бацар-кх кху чохь кхуьна — меттиг дукха готта йара. Цундела, шен нана хьуьнайуккъера ирзу тӏе сийна буц кхалла а йахийтина, бенчуьра паргӏатоне таттайелла арайелира Дехалергаш. Цунна мел чӏогӏа дӏасайада лаахь а, цуьнан когаш-м хӏинца а чохь ницкъа кӏезига болуш бара. Цундела, мохо лестош санна, техка а техкаш, шайн бенна хьалхахула йолайелира жима пхьагалан кӏорни. Жим-жима болар а тодалан дуьйлира, когашкахь ницкъа а гучубала тохабелира. Дӏасайадаран кеп хӏоттийра Дехалергаша. И-м хӏинца кийчайара хӏара йерриг а йоккха хьӏна талла. «Хӏун ду техьа оцу дӏогарчу гунна тӏехьа, ткъа оцу доккхачу диттана дехьа?» — ойланаш хьаьдира Дехалергашан жимчу коьрта. Амма, стенна делахь а, хӏокхуьнан нана тахана хьалхехьа цӏехьайирзира. Ненан семачу даго хьехначух тера дара, шен жимчу кӏорнина коьртана тӏехула кхерам хьаьвзина хилар. Цец а йаьлла йисира нана, цӏеххьана шен кӏорни а гина. Ткъа важа-м йара шен доцачу цӏоганах байракх а йина, деха лергаш букъабохала дижийна, дӏайодуш, схьайодуш ша-шеца ловзуш йоллуш.
Оьгӏазйахара нана-пхьагал, цо дов дира кӏорнина, дийхира:
— Дехалергаш, сан кӏорни, хьо хӏинца а жима йу! Хьуна хаа деза, хӏокху хьуьнхахь хьо санна жимчу кӏорнешна шаьш цхьа лелар чӏогӏа кхераме ду! Ахьа дош дала деза суна, кхин, соьга хатта а ца хоттуш, вайн бенчуьра хьо арайера йац аьлла!
Нана-пхьагал чӏогӏа саготта йара, шен кӏорнина цхьаъ хиларна кхоьруш. Амма дагчохь шен майрачу жимчу кӏантах Дехалергашах дозалла ца деш ӏен а хала дара цунна. Тӏаккха а ненан лазамен дагчу кхин ойла а хьийзара: «Тӏаккхахула, хӏокхо бохучуьнга ла а ца дугӏуш, хӏокхуьнан кӏантана Дехалергашна хьуьнайуккъехула волавала дагадагӏахь? Оцу хенахь хӏара цунна тӏе а ца кхачахь? Ткъа цунна тӏе цхьа кхерамен акхаро ӏотталахь, тӏаккха хӏун дан деза ас!» Пхьагалийн-м кӏезга ма бац иштта кхерамен мостагӏий. Жима пхьагалан кӏорни-м буьрсачу барзан цергашна тӏеӏоттайалан, йа хӏилла долчу цхьогалан мӏарашна буханисъйалан кхерамболуш йу.
Ткъа Дехалергашам нанна атта а луш делира дош:
— Нана, со кхин ара вер вац… аравалахь а, вайн кетӏара гена вер вац… гена валахь а дӏо гунна дехьахь хӏун ду а хьаьжина вухавогӏур ву… сихха…
Мел хаза, бӏаьрг тӏехь ца соцуш баьццарчу гӏах дуьззина, бохьлекха дитташ, йуькъа коьллаш, буц, зезагаш, гӏашна йуккъехула схьахоьжу бовха малх, хӏара хаза дуьне! Дехалергишна-м аьттехьа а дага ца догӏура оццула хазчу хӏокху дуьненчохь ӏаьржа дог, ойла йолуш, шена новкъарло йа зе дийр долуш, цхьа а акхаро хир йу аьлла.
Нана-пхьагал шен пхиъ кӏорни кхаба, йакхон йезаш йара, цунна-м дуккхо а баьццара хаза буц йаан йезаш хуьлура, шегахь шура хилийта. И хьенлора буц йууш, йа цхьана кхераменчу акхарох тебий, лечкъий ӏара йехха.
Сиха дицделира Дехалергишна ша нанна делла дош. Нана къевлайаьлла дукха хан йалале, собар кхачадора цуьнан. Цуьнан кегийрачу вежарша, йижарша кхерамца эгайеш хьехар дора цунна, цӏахь ӏахьара бохуш. Ткъа майрачу Дехалергаша беламе бохура уьш. И сихонца эккхара бенчуьра ара. Дӏайодура, схьайодура лергаш а таӏадой, дӏахьаьвзира, схьахьаьвзира цӏаьххьана! Ма каде жима кӏант вар-кх и Дехалергиш! Цкъа хьалха цо теллира уллора доза, гун дехьа хаза сесийн, хьаьмцийн, кхорийн дитташ дуй а хиира цунна кестта, доккхачу диттана тӏехьа бес-бесара зезагех йуьззина жима аре йуй а хиира сиха. Ткъа кхин дӏа хӏу ду техьа? И хаа дезаш дара Дехалергашна сихонца!
Самукъне эшар а локхуш, шен, хӏинца ницкъа чубоьссинчу, когашца сиха дӏачутилира жима пхьагал йоккхачу, йуькъачу хьуьнха. Дагахь а доцуш дикка генайаьллера Дехалергаш. Цӏаьххьана цуьнан тидам тӏебахара цхьана тамашена диттана, иштта дитт хӏокхунна-м хӏинццалца гина а дацара. Тӏехь гаьннаш а дацара, лекха а дацара. «Хӏара ма тамашена хӏума ду!» — диттана гунаш бахайуьйлира пхьагалан кӏорни. Мичара хаадезара жимчу пхьагалан кӏорнина и, шена гуш дерг, дитт ца хилар – диттах йисина йуьхк хилар! Вончу наха, шайна охьатоха аьтто хилийта, лаккхара херх хьокхуш хада а дина, кхузахь йитинера хӏара йуьхк. Дитт къинхетамза дийнера хӏокху меттехь! Дитташ дийна хилар-м даго хьоьхура Дехалергашна, ша жима пхьагалан кӏорни бен йацахь а, амма адмаша къиза дийна дитт шен дахарехь дуьххьара гуш дара цунна. Ирча сурт дара и. Амма жимчу пхьагалан кӏорнина оцу диттан буьххьехь хӏун ду хаа лаьара хӏинца. Цо-м кхин цкъа гобаьккхира йуьхкана. Ирх хьаьжира, малхо бӏаьргашна чухьоьжуш новкъарло йахь а. Масийттаза ирх а кхоссайелира Дехалергаш, оцу диттана буьххье йала дагахь. Амма, цхьа цуьрг бен йоцчу, хӏокхуьна ницкъа ца кхочура оццула лекха ирхкхоссайала. Йухайала дагахь-м йацара Дехалергаш а. «Кхин цкъа, кхин цкъа а!» — ойланаш йеш лаьттара жима кӏорни. Цӏаьххьана кхунна тӏехьа йуькъайаьллачу лекхачу бецана йуккъехь цхьаммо-м «шах-ших!» деш тарделира хӏокхунна.
Дог майрачу жимчу пхьагалан кӏорнина кхерайалар хӏун ду а ца хаьара хӏинца а. Амма цунна биллгала хаа дезаш дара, цу бецана йуккъехь верг мила ву, и хӏун деш ву цигахь, схьагучу ца волуш. Жима пхьагалан кӏорни оцу меттигна тӏейолайелира, оцу бецашна йуккъехь верг шена а ца гуш къевлавала кхиале.
Оцу хенахь, йуькъа буц дӏаса а тоттуш, гучуелира ира, йеха цӏен муцӏар. Майра пхьагалан кӏорни-м чӏогӏа йелайала дагадеъна йара, оццул беламен йара и муцӏар. Делахь а, хаза дацара, шена дуьххьара гушйолчу акхаройх йелар, хьуьнйуккъе дӏа а хӏоьттина.
— Хьо мила йу? – хаьттира Дехалергаша.
Ткъа цӏен муцӏар-м, шен дуткъа бӏаьргаш кхин а чӏогӏа дуткъа а деш, хӏилланах дуьззина йелайаларан кеп а хӏоттош, жимчу пхьагалан кӏорнина улло гӏерташ йара.
— Хьуна лаьий, со мила ду хаан? Хьуна биллгал лаьий и хаан? – шабаран кепехь бохура цӏен муцӏар йолчо, йуучу хӏуман хьожа хаайеллачу акхарано санна, кест-кестта шен бетах мотт а хьоькуш.
— Хӏаъ! Лаьа…, — везачу хьошана санна дуьхьала хьаьдира Дехалергаш, амма ах дош алий бен ца кхиира.
Буьрса, ира йуткъа цергаш а къажош, цӏаьххьана хьовзийна мох санна, сиха чухьаьдира цхьогал. Хӏаъ, и хиллера хӏилла долу, пхьагалийн уггар кхерамен долу мостагӏ – цхьогал.
Шен дахарехь дуьххьара гинера жимчу пхьагалан кӏорнина иштта инзаре сурт. Цӏаьххьана лергаш ӏадош цӏевзаш йуха а йодуш диттан йуьхкаца хьала дукха маса ирхкхоссайелира Дехалергаш.
Йоккхачу хьуьнхахь уггаре а писдолу цӏен цхьогал, дукха сиха чухьаьдда хиларна, дечиган йуьхках чӏогӏа корта дӏа а тухуш, дуьйжира. Цхьогалан ах хьаьббинчу бӏаьргашна хьалха хьийза дуьйлира бес-бесара седарчий. Оцу седарчийн бӏарлагӏашца цхьаьна шен меца муцӏар а хьийзайора цхьогала. Мотт ах ара а баьккхина аркъал доьжна ӏуьллура и. Шена хӏун хилла ца кхеташ, дехха ӏиллира цӏен цхьогал доьжна, диттан йуьхках шен корта дӏа а таӏийна. Эххар а дӏасевцира цхьогалан бӏаьргашна хьалха хьийза седарчий а. Хӏокхунна эххар а дагайеара, шен карара йаьлла, мерзалла йала йоллуш йолу, жима пхьагалан кӏорни. Халла шен лазийна корта а лаьцна хьала айделира и, гонаха хьаьжира. Пхьагалан кӏорни цхьанхьа а гуш йацара. Мохо лестош санна, дӏаса а лесташ, диттан ширьеллачу йуьхкана цхьа-ши го тесира цхьогало. Амма пхьагалан кӏорни цхьанхьа а гуш йацара. «Ванах, стигла ирх йаьлла дӏайахана-м хир ма йац и. Пхьагалийн тӏемаш хуьлу аьлла хезина хӏума а ма дац хӏинццалца схьа.» — ойланаш хьийзара цхьогалан лозуш болчу коьрта. Хиллачух ца кхеташ дикка гонаш тийсира цхьогало, амма кхетча инзаре чӏогӏа цец а делира. Дехалергаш лекхачу диттан йуьхка тӏехь ӏара, лакхара цхьогалга чу а хьоьжуш.
Оьгӏазе дистхилира цхьогал:
— Охьакхоссало цигара сихха, со хьала а ца долийтуш! Ас бийра бу хьан болх!
— Хьайна лаахь, хьо хьо хьаладала, — ца йешира цхьогалас дуьйцачунах жима пхьагалан кӏорни.
— Чукхоссало кхузза, сан кара! Ас схьалоцур йу хьо, лаьттах кхетта лоза ца йайта! – чуьрадаьллера цхьогал.
Оьгӏазло совъйаьлла, ирх кхоссаделира цхьогал, амма диттан йуьхкан ах сов лекхалла бен хьала ца кхечира и. Бӏарзделла, ша шен месала доккха цӏога лаца гӏерташ санна, го тесира цо шена гонаха. Кхин цкъа а кхоссаделира хьала цӏен цхьогал, амма кхийтира ша хьалакхочур доцийла, дийнахь сарралц кхийсаделча а. Хӏиллане делира цхьогал тӏаккха:
— Хӏей, майра пхьагалан кӏант! Хьо хӏун деш ӏа оцу боьххье а хиъна? Хьо муха ваьлла оцу лекхачу диттана тӏе? – хаьттира цхьогало, цхьа а хӏума ца хилча санна.
Дехалергаш-м цец а даьлла дисира, лакхара чухьежа. Ткъа цхьогална мичара хаан дезара, оццул лекха ирхкхоссадалан, дикка чӏогӏа кхерадалан дезаш хилар.
— Ой, ахьа хӏун до, цкъа а со санна хаза цхьогал хьайна ца гича санна! – дегбаам бинчу кепе делира цхьогал.
— Гинарг тоьу суна, чӏогӏа хаза йу-кх хьуна и хьан муцӏар, къаьсттина, ахьа и хьайн цергаш къажийначу хенахь, — жоп делира Дехалергашас.
— Эхӏ, хьо ма тамашена кӏант ву. Массо а цхогалша, шайна пхьагалца ловза дагадеъча, къажош ма йу цергаш… бетах мотт а хьокуш. Лечкъаргех ловзий вайшиъ! — цӏога хьийзадора цхьогало.
— Хӏаъ! Мегар ду! – реза хилира Дехалергаш.
— Ой, охьавосса тӏаккха сихха, лечкъаргех ловзур вайшиъ! – ирсе цӏогӏ элира цхьогала.
— Хӏан-хӏа, со кхузахь дӏалечкъа хьуна, ткъа ахьа со лахахь лаха, — кхетийра пхьагалан кӏорнис шен ойланах цхьогал.
Дукха ӏийра цӏен цхьогал Дехалергашка дехарш деш, хьесталуш, кхерамаш туьйсуш цунна. Амма жима пхьагал-м йацара охьайуссур йолуш.
Эххар а кӏордийра цхьогална, иза кхийтира, шен хӏилла хӏокху диттан йуьхкан бухахь кхачаделлий. И дахара шен хӏиллане цӏога а хьовзийна даьлла дӏа.
Дехалергаш дукха ӏийра хебина, хиллачуьна ойланаш йеш. Шен нанас бина хьехамаш а дагаоьхура жимчу пхьагална хӏинца. «Къинтӏера йала суна, нана, хӏинца со могуш дийна цӏа кхачахь, кхин ахьа бохучунна тӏера ког боккхур бац аса» — бохуш ойланаш а хьийзара кхуьнан жимчу коьртана чу. Эххар а ша тӏехь ӏенчу диттан йуьхкан буьхьан йистте хилира Дехалергаш. Генна дӏахьаьжира и кхерамен цхьогал дӏадаханчу агӏора. Хьаьнна хаьа и йарашна тӏехьа лечкъина ӏаш дуй а, хӏара чуйоссаре хьоьжуш. Дан хӏума дацара, кхин а хӏара кхузахь хенлахь, малх а чубузура бара, ӏаржъйаларна а кхерам бара. Дехалергаш лаха охьахьаьжира, амма цӏаьххьана бӏагор беъна йухахилира. «Ой, и хӏун ду? Ма лекха ду хӏара дитта!» цецйаьллера жима пхьагал. Жимма ӏийна, шена жимма чу са а даийтина, йуха а хилира и диттан йуьхкан буьхьан йистте. Чуйосса лекха дара, кхераме а дара. «Хӏун да деза хӏинца?» — йоьхна хьаьвзира жима пхьагал. Дикка дукха лаьттира и чу хьоьжуш, амма кхузура чу ца кхоссалуш, хӏокху буьххьехь ӏен реза йара и йелла дӏа йаллалц. Оцу хенахь цӏаьххьана, чубузучу маьлхан серлонехь ӏиндагӏ хуьлуш диттийн гаьннашна йуккъехула леккха стигалахь тӏехула хьийзаш цхьа доккха хьоза хааделира кхунна. «И-м хьоза дац, и-м нанас дийцина даккхий тӏемаш долу стигланан экха ду!» — кхийтира жима пхьагал. «Хьанна хаьа, со цунна ца гой а. Тебина ӏен деза кхузахь.» — ша ӏаччохь хебина жимйелира пхьагалан кӏорни. Амма стиглахь цӏаьххьана хезира кхунна бурса аз «цӏа-а! цӏа-а!». Ша муха кхоссало а ца хууш, лекхачу диттан йуьхкана тӏера чутилира Дехалергаш. Бецалхула керчина дӏайахара и. Сиха когашна тӏе ирахӏоьттина, лергаш букъатӏехьа дийшийна, дӏатасайелира и шен бен болчу агӏора.
Нана-пхьагал йара бен хьалха арайаьлла, цхьана меттехь латта са ца туьйш, дӏайолалуш, схьайолалуш, шен Дехалергашна сагаттадеш. Гу тӏейаьлла хьаьжча а, гуш йацара кхуьнан жима кӏорни, Доккхачу диттан гаьнна тӏейаьлла хьаьжча а, йацара и гуш. Цӏаьххьана кхуьнан бӏаьрг кхийтира, ша и мох санна, хьаьдда йогӏуш йолчу шен кӏорнех. Нана-пхьагал сиха чуиккхира дитта лохачу гаьнна тӏера, дуьхьала хьаьдира шен Дехалергашна. Амма жима буьрка санна хахкайелла йогӏучу жимчу пхьагална ца гора хӏумма а, шен бенна а тӏехиккхина дӏатилира и. Кестта тӏаьхьайедда лецира нана-пхьагалас шен жима кӏорни. Шена кӏелахь дӏалачкъийра, кхерайеллачура и йухайерзалц. Жимма хан йаьлча, Дехалергашан жима дог сиха детталучура метта деъча, шайн бен болчу агӏора дӏайолайелира и шиъ.
Шайн бенна хьалха кхаьчча, кхин цкъа а дош делира жимчу Дехалергашас шен нанна, хӏинца дуьйна дӏа нанас бохучунна тӏера ког дӏа боккхур бац ша аьлла. Нанна-м чӏогӏа хазахетара жимчу Дехалергашас иштта чӏагӏо йина. Делахь боккъал а тешаш-м йацара нана-пхьагал оцу берийн дашах. Делахь а хьанна хаьа, Дехалергаш-м кхетта хила а мегарий.
2005 шо. Хабаровск.