материалаш гулйеш, ма лела со…
– Господин Абросимов, оцу хьайн гӏуллакхашна кхин хан а, кхин меттиг а лаха. Цигахь гӏуллакх дац штатски болчийн.
– Со областан начальствон бакъонца лелаш ма ву…
– Гой хьуна, хьелаш хийцаделла…
Догдоьхна Абросимов а витина, шен дагахь цунна лен а луьйш, чехкка дӏаволавелира полковник.
Хӏара мила ву, мичара ваьлла а ца хуу стаг! Батьяновна дукха гина и тайпа историкаш. Иза-м ша ма-варра вийцинера цунна капитано Рихтера. «Со, ког когах кхетта а, галвалахь, кхана зорбанехь кхайкхор ву. Хӏан-хӏа, господин демократ, ахь леван ӏовдал а вац со».
ХІуъу хилахь а аьлла, ша гӏопера дӏаволуш, кхузахь куьйгалладар майорна Козловскийна тӏе а диллина, дошлойн эскадронца новкъа велира Батьянов. Кхузара дӏа пхийтта чаккхарма бен йацара Кешане. Йоргӏахь эскадронна масех гӏулч хьалха воьдучу цо ойла йора хӏоьттинчу хьолан. Нанна хьежадора Петуховн сонталлина а. Хьерваьлла-х ваций хӏара, нохчочун мекх озо! Уьш-х, шайна йаппарш йича а, шаьлта а йоккхий, чугӏоьрту. Мекх озочул, тур йа тапча тоьхнехь, гӏоли ма йара цунна. Герзаца йина чов гечйо нохчочо. Амма ца гечдо шена буй-тӏара, мийра тохар. Маж-мекх озор-м дуьйцу а цахезнарг ду! Ткъа Петуховс шен нІаьналла чекхйаьн йоцчохь йолийна. Жоьжахати гӏойла иза, хӏара дов а долийна, вахана!.. Рыжковс дукха дестийна дуьйцуш хила а тарло. Бехкениг схьа а ваьккхина, дерзор ду-кх.
Амма полковникан догдохийла тӏекӏелйелира, Кешане кхачале, новкъахь ша нохчийн аванпосташна тӏеӏиттавала воьлча. Герзаца кечбеллачу тӏелхигбевллачу наха, цхьа а тайпа дуьхьало йоцуш, бист ца хуьлуш, оьгӏазе тӏаьхьа а хьуьйсуш, тӏехбуьйлуьйтура дошлой. Батьянов ца кхетара цара лелочух. Йа дов ца кӏамдан гӏертара а, йа цуьнан ницкъах кхоьрура а, йа хӏорш гура чу лелхийта буьтура а хаацара. Мухха делахь а, шен дагара ца хоуьйтуш, и беркъа тобанаш шена ган а ца гучуха, курра корта а саттийна, тӏехвелира полковник.
Кешане дӏакхаьчча, уггар хьалха капитанна Юзбашевна тӏехӏоьттира Батьянов. Петуховн валар хьалха цунна ма-хаззара дийцира капитано.
– Бехкениг лаьцний аш? – хаьттира Батьяновс.
– Хӏан-хӏа, господин полковник…
– Хӏунда?
– Ца кхиира. Наха кӏелхьарваьккхира иза.