– Тхан даьӏахкаш тӏе гам хьекха боьлла!
– Йукъа ма гӏерта нах! Янгӏулби ала вита!
Нехан гӏовгӏанаш дӏателлац ӏийна, дакъаделла, эттӏачу балдех мотт а хьаькхна, йуха а вистхилира Янгӏулби:
– Баккъал а йоцчунна тӏера шарбал ворхӏанга а ца йаккхайелла бохуш, кица ду нохчийн. Тхан дӏадала хӏума дацара, бӏаьсте йаьлла йаллалц, Теркал дехьа а дахана, хьалдолчу гӏалгӏазкхашна йолах болх бина, йа кхин цхьа таро хиллалц, дитахьара тхо аьлча а, гӏуллакх ца хуьлу. Собар а кхачийна, тхан цхьа воккха стаг чӏогӏа вистхилира укурган начаьнке. Ша къена а волу дела, и къона а волу дела, тхан къоман гӏиллакхна тӏе а доьгІна. Ткъа начаьнко цуьнан мекх озийра.
Нахана йукъахь йуха а оьгӏазе маьхьарий девлира.
– Тхо лай ду-м ца моьтту шуна!..
– Аш нанна хьежо…
– Кхидерг дерриг лайна оха, амма тхан догІмех куьйгаш ма ӏитта!
– Наха бакъдерг дуьйцу, полконак, – церан маьхьарша шовкъе виначу Янгӏулбин йуьхь йолчу тӏе а ӏаржйелира. – Баккъал а, тхаьш нах сийсаз ца бо оха, наха тхаьш дича а ловр дац. Мекх озочул, тур тоьхна, шина декъе векънехь а, кху тӏе дер дацара хӏара. Йа, лаьцна, Хаси-Юьрта дӏа а вигна, Сибрех хьажийнехь а. Герз карахь лата а лата, дайъа а дайъа тхо, амма тхан догӏмех куьйгаш ма ӏитта; тхоьга, шайна тӏекхаьчча, коьртара куйнаш дӏадаха а ма баха! Куй а, маж-мекх а, шаьлта а стеган боьршаллин билгало йу. Шен мекх озийча, вийна воккхачу стага укурган начальник. Дика а вийна. Сайн мекх озийнарг ас а вуьйр ву!
Батьяновс леррина ладоьгӏура йуьртдас гуттар чам боцчу баьккхинчу оьрсийн маттахь шена гочдечу къамеле. ТІаьрзечу нохчочо тӏаьххьара аьллачу дешнашна резахилира полковник. Петуховн амалш дукха тера йогӏура шен цӏарах.
Шен ницкъ ца хууш, гӏуллакх долчу а, доцчу а гӏерташ, йиш халлалц кхойкхучу, девнечу нӏаьнин амалш.
– Кхин дуй шун ала хӏума? – хьаьжа йуккъе шад хӏоттийна, адамийн тобанан кортош тӏехула бӏаьрг кхарстийра Батьяновс.
– Сан дара масех дош!
Пхьаьрсийн голашца хьалхарнаш дӏаса а тоьттуш, сенарваьлла[9] тобанна йуккъехула хьалха могӏаршка веана, сецира буто воккха стаг.
– Цул сов, полковник, тхо нуьцкъах салт доху бохуш, хабарш ду, – сих-сиха можах куьг хьокхуш, къамел долийра цо. – Тӏаьххьара тхан