хӏоттийна, лохачу гӏанта охьахиира.
– Неӏ йеллий йитахьа, Къайсар, – элира стогаран кӏуьро Берсина ницкъ бинийла хиъначу ӏаьлбага. – Могаш волчунна а хала ма бу хӏара кӏур-м.
– Хӏумма а дац, ӏаьлбаг, сатухур ду ас. Дийцахьа, муха ду гӏуллакхаш?
Йукъахара шаьлта агӏор а теттина, ши ког чуччу а буьллуш, Берсегахьа вирзина, охьахиира ӏаьлбаг.
– Доцца дуьйцур ду ас. Даьргӏахошкий, белгӏатошкий, гӏордалошкий догдохийла а йац. Даьттахой, гендарганой шина даггахь бу хӏинца а. Билтойн, ва Дела аьлла, барт хила тигац. Важа дисина тайпанаш дерриг кхана а гӏовтта кийча ду.
– Аьккхий?
– Кешане гонах берш вайца бу.
– Дегӏаста?
– Вай гӏуллакх дӏадолийначу дийнахь диламхой, алмакхой, миатлой гӏовттур бу, боху.
Арахь байн мох белира. Жимма ласта а лестина, дӏабайра стогар. Чохь Іаьржа бода хӏоьттира. Куьркара хаьштиг дан дагахь гӏеттина Къайсар Коьрас сацийра.
– Ца оьшу, Къайсар, иштта бегӏийла ду.
– Маса бӏаьхо хила тарло вайн?
– Иттех эзар.
– Арен тӏера йарташ йогӏий царна йукъа?
– Хӏан-хӏа. ТІаьххьара дош дац цаьргара. Вайн бартахой бу дикка, амма гондӏарчу гӏаьпнашкарчу эскарех кхоьру.
– Паччахьан эскаршка хьаьжча, ма кӏезиг ницкъ бу-кх вайниг! Ткъе пхеа эзар салтичунний, бӏе йоккхачу тоьпаний дуьхьал – итт эзар стаг…
– Оццул хуьлий а хаац. Пхеанга мукъане а довлахьара.
– Кхузахь толам а баьккхина, аренга довлахь, тоба стамлур йу вайн. Хӏинца цкъа кхерахь а, тӏаккха гӏовттур бу нах.
– Делхьа, ӏаьлбаг, церан гӏуллакх ма шеконехь хета суна.
– Дегӏаста гӏаттахь, иштта ледара а хир дац.
– Шайн дош кхочушдахьара цара.
– Вайн дозанца йолчу йартех-м тешара со.
Хӏорш коьртачу дийцарна тӏе бовлале, когийн тата хезира кертан арахь.
Къайсара катуьйхира неӏаран сонехь пенаца хӏоттийначу тоьпах.
– Мила ву? – араиккхира иза.
– Хӏара-м со вара. Овхьад.
– Хьо лаа вуй?
– Лаа ву, кӏентий, – хьурмате вистхилира иза, чоьхьа а ваьлла. – Кхаъ бу шуна! Тӏом болабелла!
– Хӏун тӏом? – цхьаьний хаттар дира Берсассий, Іаьлбагий.
– Туркошца!
– Ахь баккъал бохий?
– Баккъал а.
– Мичахь хезна хьуна?
– Тхан да хӏинцца Соьлжа-Гӏалара цӏа кхаьчна. Цо деана и хабар. Стомара Россис тӏом болийна туркошца.
– Хӏинца цхьаъ хила а мега вайн гӏуллакхах, –