гарнизонан говраш а лаьхкина бохуш, хаам бо полковнико Батьяновс. Суна хетарехь, иза девнан йуьхьиг йу. «Гӏаттам» боху дош дало ца лууш, боху ас иза. Лаа дац хӏара. Хьоьга дехар ду, капитан, гуттар сиха хьайн участке дӏакхачар, цигахь летта цӏе, йаржа кхиале, дӏайайъар.
Эла, куьйга корта а лаьцна, цхьана минотана дӏатийра. Тӏаккха, гӏеттина, стоьла тӏе ши куьг гӏортош, хьалха а кхевдина, леррина Пруссаковн бӏаьргаш чу хьаьжира иза. Даим чохь самукъане цӏе йогуш хуьлу элан ӏаьржа бӏаьргаш кхоьлина гича, капитанан даг чохь мелла а кхерам гӏеттира.
– Ас сайна цкъа а гечдийр дац, суна а ца хууш, сан мера кӏел, Бенаний, Сесананний йуккъехь мятежникаша кхеташо йар. Кхузткъе цхьаъ стаг! Иза пхи де даьллачул тӏаьхьий бен ца хиъна суна. Моьттура, хӏокху округехь нохчаша дӏа мел боккху ког сайна хаьа. И ца хилла аьттехьа а. Хӏинца мел хала хир ду цӏе йайъа! Амма, цаваьллачу денний бен, герз ма айъалахь. Варийлахь. Вайн декхар – дов цакӏамдар, машарца дерзо гӏортар ду хьуна. Хьайца иттех милиционер а эций, чехкка Ножин-Юьрта дӏагӏо, – доцца хадийра Аваловс.
Шен участкан махка тӏе ваьлча, хӏор а йуьртара цӏейоккху нах а, милцой а шена тӏаьхьа а хӏиттош, капитан Ножин-Юьрта чувулуш, хӏокхунна тӏаьхьа гӏеххьачул отряд йара. Бакъду, пурстоп шеквара оцу отрядан муьтӏахьаллех. Шек муха ца хуьлу, кхузара хьал кхераме дуйла шена хиъча, молха дан цо новкъара йуханехьа Ведана хьажийна милцо тӏепаза вайча? Шолгӏачу дийнахь капитанна хиира и милцо ша дохьучу молханца цхьаьна ӏаьлбаг-Хьаьжин туьпа дӏаваханийла.
Селхана хӏара Ножин-Юьрта схьакхаьчча, цхьацца бахьанаш лехна, шайн йарташка дӏасабахана бисина милцой а. Сийсара кхуьнца висинарг виъ стаг вара. Царах хӏун хилла а хаацара.
Самаваьллачул тӏаьхьа, ши бӏаьрг хьаббина, йехха ойланаш йеш ӏийна, тӏера йургӏа дӏа а тесна, маьнги йисте охьахиира капитан. Улло стоьла тӏехь гӏорасиз Іуьллура туррий, тапчий. Пенах тоьхначу куза тӏехула кхозу шен мундир а, фуражка а ша велла йисча санна хетаделира цунна. Цӏенкъа даржийначу къорзачу истанга тӏе хӏиттийначу шен берзинчу когашка хьажавелча, уьш а мажбелча санна хетаделира.
«Схьахетарехь, сан дахаран чаккхе йу