эскарш дагӏахь, хӏун дан деза? ХортІагӏеран даьхний йухадерзийна а ӏийр ма дац ӏедал. Тӏе йаккхий тоьпаш йетташ, отур ма йу Гати-Юрт, дуккха а нах Сибрех лохкур бу…
Эххар а, буьйса йуккъе йахча, хьалхий-тӏаьхьий неӏарх чоьхьавелира ши кӏант. Гӏийла богуш стогар а, голаш мара а оьзна, кӏинж йолчу тишачу корталех хьаьрчина, маьнги тӏе хиъна ӏаш нана а гича, воьхна хьаьвзира воккхахволу Іумар.
– Нана, хьо йижина ма йац? – хаьттира цо, шен карара топ неӏарехь пенаца хьала а хӏоттош.
Айзас корталин тӏам, логах а хьарчош, букъа тӏехьа тесира.
– Шуьшиъ мичахула лела, ши кӏант?
– Эвла йуккъехь вара тхойша-м…
Къайллах схьадаьстина, шаьлтий, кхелина доьхкий баьрчехь тӏекӏелдоьттинчу мотт-гӏайби тӏехьа таӏийра Іумара.
– Суьйранна араваьллачохь висир-кх.
– Хӏаъа ткъа, да тӏера ваьлча, аш шайна луъург дан ма мега… Нана хьесапе ма йац. Шуна сагатдеш, дог эккха доллуш, убар санна, со кху чохь ӏа, ткъа шуьшиъ…
Нене йелхар иккхира. Кху тӏаьххьарчу хенахь хаъал гӏелйеллера иза. Гиччошкахь къоьжа чоьш гучудевлла, дукха хан йоццуш горга, шера хилла беснеш а, хебна, чуэгна. Цуьнан кхоьлина бӏаьргаш ӏумарна а гуш хих буьзира, тӏаккха, дехачу цІоцкъамашна тӏехь гулделла, буткъачу меран шиний агӏонца хецаделла, охьахьаьлхира хиш.
Улло охьа а хиъна, тӏехула пхьарс баьккхина, нана марайоьллира Іумара.
– Хьалхе дац, нана, хьо йелха? – шена тӏеозийра цо иза. – ХІинцале а ахь хӏара дича, тӏаьхьа хӏун хир-те?
Жимма йилхина, шен дагна хьаам бина, кучан пхьуьйшаца бӏаьрхиш а дакъийна, кӏанте хьаьжира Айза.
– Хьуна бохам хилахь, ас хӏун дер-те?.. – Айзас халла бакъийна бӏаьргаш йуха а тӏунбелира.
– Хӏун дийр ду? Нехан наной санна, ӏийр йу-кх, – ненан хьаьжа тӏе барт баьккхира ӏумара. – Дадас хӏун олура хьоьга? Нохчийн кӏентийн йеккъа цхьа нана йу – даймохк. Тхо цунна дина, ца олура цо? Хьуна ма хаьа, цхьаволу цхьа кӏант вийна бисинарш а, ворхІ вийна бисинарш а буйла. Со вахарх, цхьаъ цӏахь ма вуьсу хьан.
Черта тӏе тиша истанг даржийна, шена мотт билла гӏерташ воллу ӏусман, хьала а таьӏна, нисвелира:
– Со-м ца вуьсу…
Айза къаьрззина дӏахьаьжира жимахволчу кӏанте.
– Гӏовгӏа! – аз айдира Іумара. – И ма хьехаде, аьллий хьоьга?