Гати-Юьртарчу Хортӏин говр кхоъ ах аьрша генахь сецна! Кхин вуй къовса лууш?
Халла хаалуш урх озийна, шен сира дин хазачу йоргӏахь майданан йистехьа дӏахийцира ӏаьлбага. Шийтта шо хьалха Мичкан йистехь хилла ӏаьржачу аматахь и каде кӏант дагавоуьйтуш хӏумма а дацара цуьнца. Хӏинца оцу сирачу динахь воьдура буто, дуьзначу йуккъерчу дегӏара, тӏехьаьжча ткъе пхиъ, ткъе йалх шо хенара къона стаг. Горгачу йуьхьа тӏехь йоцца лергинчу ӏаьржачу можана тӏехула къаьсттина бӏаьрла йара цӏен бос беттало беснеш. Лекхачу хьаьжа тӏе таӏӏош тиллинчу боьмашчу холхазан куйнна кӏелхьара жугӏара шен ши бӏаьрг вевзачун йуьхьа тӏехь сецча, хазахетий, корта а таӏабой, балдаш вовшах ца къастош, велакъежара иза. Духарца а, герзаца а къаьстара иза кхузарчу адамашлахь. Чордачу машин боьмаша чоа, чухула йуьйхина луьстта ветанаш доьхкина мокхачу лаьстиган гӏовтал, когахь кӏеда эткаш йара.
Ӏаьлбаг йукъаваьлча, майданна тӏехула лохха гӏугӏ делира.
– Иза мила ву?
– И ца вевза хьуна? Симсарарчу Олдаман кӏант Іаьлбаг-Хьаьжа ма ву иза.
– Нохчмахкахь цӏейаххана вуьйцу ӏеламчий?
– Хӏаъа.
– Иза маца кхиъна оццул воккха молла хила?
– Кху агӏор болчу молланашца дешна а ваьлла, Дегӏастанара цхьа воккха молла а валийна, цуьнга хьехийтина цо шена.
– Хӏай-хӏай! Генарниш чибара ма бу! Исс Къуръанах дуй буур бара-кх ас, цо валийна молла нийса бисмилла деша хууш хир вац аьлла.
– Хьаьжо ву, ца боху иза?
– Баха а ца бохуш, ву-кх.
– Оццул къоний?
– Цул воккха ӏала-Мохьмад а, жиманиг ӏеламха а – кхуьй а ву уьш хьаьжо.
– Чалба ма йац цуьнгахь?
– Хаац, лелайац-кх цо.
– Вукху вешехь а йац…
Майданна йисте кхаьчча, ша кхуза стенна балийна хуу ӏаьлбаган дин синтем байна хьийзара, дуткъа-деха кӏайн лаг сеттош, гаьллаш йегош, берг йетташ, бай охкуш. Говран логах дайн куьг туьйхира цо. Тӏаккха, шен хаьнтӏера тур а, букъа тӏехьара топ а нисйина, куьг хьаькхна, дуькъа, ӏаьржа ши мекх а шардина, кӏажаш таӏийна, дин дӏахийцира ӏаьлбага.
– Машаллахӏ, бӏаьрг ма хила хьуна!
– ХІоппӏахь! ХІоппӏахь!
– Ва нах, тӏемайолуш хетий иза?
– Лаьттах ког-м ца хьакхало!
– ХІоппӏахь!
– Бере, хьаха, ву динна тӏехь воьттича санна!
– Хӏоппӏахь! ТІаьххьара гӏуркх!
– Кӏайн леча!