йухаваьлла иза. ТІаккха ӏаьлбага Белгӏата дӏалаьцна. Ӏаьлбагца вайна вевзаш волу бенойн Солтмурд а ву. Аренца йолу йарташ гӏовтто ши хьаьжо кху округе ваийтина а, боху. Эрсана дӏа а тесна, кӏегарваьлла Авалов кху сохьта Веданахь ву. Хӏун ду хаац, полковник Нурид шен отрядца Чахкарахь лаьтта, Аваловна гӏоьнна а ца воьдуш.
– Мятежникийн планаш муха йу? – синтем байна, йукъахваьккхира Свистуновс хабар дахдан воьлла эла.
– Тахана соьга кхаьчначу хаамашка ладоьгІча, йерриг Веданан округ мятежникаша дӏалаьцна. Іаьлбага шен цхьана гӏоьнчина Гӏубханна тӏедиллина, Хулхулон чӏаж дӏа а лаьцна, Ведана аренах дӏахадор. Лазутчикаша дийцарехь, Іаьлбаган план йу Куьрчала – Майртуьпа районехь аренга вала.
– Хаси-Юьртара хаамаш буй?
– Цхьа сахьт хьалха флигель-адъютанто, полковнико Батьяновс хаам бина, шен гӏуллакхаш вон дац, аьлла. Мятеж аренга ца йалийта, Хаси-Юьртанний, Гуьмсанний йукъ дӏа а лаьцна цо.
Баккъал аьлча, эло бина хаамаш инарлина керла бацара. Мятеж йолайелча Іумхан-Юьрта нисвеллачу областан эскарийн штабан начальнико, полковнико Мыловс, кхузара хьал дуьйцуш, рапорт йаздинера цуьнга. Цундела дан дезачун план хьалххе хӏоттийнчу инарлас иза йоцца йовзийтира.
– Господа, вайн йиш йац Нохчмахкахь иккхина ун цигара дӏасадаржийта. Вешан карара берриг ницкъаш оцу тӏе хьовзо дезар ду вайн. Аух а, Салатави а, Чӏебарла а Нохчмахках хадо йеза вай. ДІегӏастана доьлху некъаш дӏакъовлуьйтур ду цигарчу отрядашка. Ломан когашца дІахІотта дезар ду Грознехь лаьттачу 20-чу дивизин. Тӏаккха вайн аьтто хуьлу цигахь летта цӏе, дӏаса ца йолуьйтуш, йайъа. Шуна хӏун хета, господа?
Чермон Орцас, резахилла, корта теӏабора. И план чӏогӏа хьекъале хилар чІагӏдира Къосамий, Оьлабиссий, Девлат-Мирзассий. Юсуп вист ца хилира. Цхьана Беллика дуьхьало йира инарлина.
– Хьан локхалла, стенна оьшу вайна Нохчмахкара чІагӏонаш? – хьалаиккхира иза. – Чӏагӏонаш аьлча а, тӏекӏелбиллина и масех тӏулг. Кхуза гӏалара а, арен тӏера а оьрсийн бахархой ларбар хета суна вайн декхар.
– Хьомсара полковник, оьрсийн бахархой ларбо аьлла, лаьмнашкара отрядаш охьа а кхайкхина, цигара цхьа гӏап а нохчашна дӏайала