– Гӏалин а, массо станицийн а килсашкахь халкъ кхето деза хӏоьттинчу хьолах. Хьалхара: вай туркошца болийначу тӏеман Іалашо – деа бӏе шарахь туркойн ӏазапна кӏел бохку ваьшца цхьана динехь, цхьана цӏийх болу славянаш а, ваьшца цхьана динехь болу гуьржий а, эрмалой а маьршабахар хиларх. Шолгӏа: нохчийн гӏаттам, оьрсашна дуьхьал хилла ца ӏаш, ткъа оьрсийн а, берриг славянийн а бӏешерийн мостагІчунна – туркошна – гӏоьнна болийна хиларх. Кхозлагӏа: гӏевттинчу нохчаша шайн каравоьлла оьрси къинхетамза хӏаллаквийриг хиларх. Доьазлагӏа: массо а керста стаг, и ца хилийта, царна дуьхьал гӏатта везарх. Хьо кхийтин, да Викентий?
Дехачу цІоцкъамашца цӏен бӏаьрнегӏарш меллаша охьа а хецна, байн кхузза корта таӏийра мозгӏаро. Хӏетталц хӏара хӏунда кхайкхина ца хууш Іийна эла Эристов, хӏинца кхийтира динан да кхайкхаран бахьанех.
– Ткъа шуна тӏехь, хьомсара Александр Карлович, Николай Богданович, – Вибергний, Эристовний тӏевирзира командующи, – шуьшинна хьалха а лаьтта даккхий декхарш. Гӏалгӏазкхех тешийла ду вайн хӏокху муьрехь. Нохчашний, гӏалгӏазкхашний йукъахь мостагӏалла ду латта бахьана долуш. Нохчаша шайн мохк шайгара дӏабаккхарна кхоьруш, гӏалгӏазкхий дика летар бу мятежникех. Амма муьжгийн а, салтийн а, нохчийн а цхьа а тайпа гамо йац вовшашца. Церан атта барт хир бу. Шуьшиннан декхар ду нохчашца церан цхьа а тайпа зӏе цахилийтар. Цул сов, Александр Карлович, хьайн дивизи ахь гуттар сихонца тӏеман низаме йалайе. Хаац, вайна иза гӏалахь, йа ломахь – мичахь хьалха оьшур. Нагахь гӏаларчу къехошна йа салташна йукъахь бунт эккхахь а, иза хьаша уггар тешамечу салтех шиъ-кхоъ рота кечйе.
– Цул а оцу гӏуллакхна гӏалгӏазкхийн цхьа-ши сотня гӏала йалийча, тешам болуш хир дацара, Александр Павлович? – хаьттира Виберга.
– Иза-м данза цадериг ма ду, Александр Карлович. Сан кхузахь социйла дац. Областан йисинчу округех а тешац со. Тӏе, Закавказски фронтан йерриг коммуникацеш а сан карахула чекхйуьйлу. Кхана ӏуьйранна со Владикавказе йухавоьду. Варийлаш, ледара ма хилалаш. Ткъа гӏала чӏагӏйеш Белликна гӏо де. Мукъа бисча, харцахьа ойланаш йан а тарло гӏалин бахархоша. Хӏинца мукъа ду шу, господа…