йоьалгӏачу батальонашна буьйр дел, йуьрта тӏе хьалхатаІа алий.
Ший а батальон, роташка а нисйелла, бӏаьхаллин низамехь хих дехьа а йаьлла, йуьртана гергагӏоьртича, батарейн командир тӏекхайкхира цо.
– Батарея хил дехьа а йаккхий, дӏогахь гучу боьлака чохь позици лаца. Тенгински полкан хьалхарчу батальоно лардийр ду шу.
ТІедеттачу догӏанехула, хотто лоьцуш, халла дехьайаьккхина йоккха топ варшахь чӏагӏйелча, «ура» бохуш маьхьарий а детташ, йуьрта хьаьлхира навагинхой. Полковник Нурид тешна вара толам герга хиларх. Амма ах сахьт далале цамоьттург хилира.
Мылов шек ма-хиллара, моттаргӏина тоьпаш а кхийссина, йурт гӏовттамхошка дӏайелира майртуьпахоша а, царна гӏоьнна баьхкинчу гондӏарчу йарташкарчу бахархоша а.
Ӏаьлбагний, цуьнан накъосташний дика хаьара йурт атта дӏалацарна тӏехь шайн гӏуллакх чекх ца долийла. Иштта дуьхьалонза йарташ-м цо дикка дӏалецнера. Нохчмахкахь эла Аваловн йухавалар а ца лорура цо толам: цуьнан отряд хӏаллакйинехь, иза ша дара. Хӏинца дуьхьалонча ойла йан а, меттаван а, шен ницкъаш тӏегулбан а кхиъна. Тахана хӏокхарна дуьхьалбаьхкина мостагӏий, ломахь Авалов санна, иштта аттачу балхах букъ гайта дагахь бацара.
ТІом марсабаьлла хезачу эвлан йистехьа сихвелира Іаьлбаг.
Цунна тӏаьхьа дӏахаьхкира Коьрас а, Овхьада а, Елисейс а. Хьалхарчу позицера шена сих-сиха тӏекхоьхьуш хаамаш хиллехь а, кхузара хьал гичий бен ца кхийтира Іаьлбаг тӏехӏоьттинарг хала киртиг хиларх. Хӏетта тогӏи чуьра хьалабевлла нохчийн лаамхой жигара йухабеттара Къайсаран бӏаьхоша. Амма Іаьлбагна гира хил дехьахь лаьтта гӏашлойн цхьа дакъа, меттахдаьлла, тогӏи чу дуссуш а, йаккхийчу тоьпашна говраш йужуш а.
– Схьахетарехь, берриг ницкъ йуьртана тӏетатта ойла йу церан, – элира ӏаьлбага Коьре.
– Тера ду.
– Уьш йуьрта буьтийла-м дац, массо велла а.
– Вайл иттазза алсам бу-кх и салтий, – жоп делира Коьрас. – Хӏара хьалагӏерта жӏаьлеш ца лерича а. Тӏехула тӏе, бархӏ йоккха топ а…
Хил сехьайевллачу салтийн роташа цхьатерра тоьпаш туьйхира хӏорш лаьттачу беша. Цхьа дӏаьндарг, ӏаьлбаган куйнан йистах Іуьрг оьккхуьйтуш, йахара. Ойлано дӏалаьцначу ӏаьлбаган тидам а ца хилира