гӏо хьажо деза сихонца. Цул сов, Грозный а йу кхерамна кӏел. Цигахь низам латто тоъал ницкъаш а битий, важа бисинарш берриг а Нохчийчу дӏахьовсабе…
– Тамански полк тахана дӏакхочур йу Грозный. 20-чу дивизин тІаьхьалонна витина виъ эзар салти а бӏаьхаллин низамехь ӏуьйранна гӏалех араваьлла. Гӏизлар-Гребенски полкан шиъ сотня а селхана Грозный дӏакхаьчна.
– Тенгински полк а, гӏалгӏазкхийн сотняш а сихха Нуридна гӏоьнна дӏахьовсо йеза. Хиндерг хаац, Устаргӏардойн тӏай тӏе кхин а масех рота салтий хӏиттийча, бакъахьа хета суна. Нагахь, вайн отрядаш а йохийна, мятежникаш гӏалина тӏегӏортахь, уьш мелла а совцо. Шуьйтара хаам буй?
– Хӏаъ, сийсара геланча веана цигара, – сихха жоп делира Смекаловс.
– Хӏун ду цигахь?
– Чӏебарлахь гӏаттам болабелла, боху. Амма хӏинца цкъа Залмаев коьртехь волуш йарташкахула йолайелла тоба жима йу. Кхоалгӏачу участкан пристав капитан Сервианов вен гӏоьртина уьш. Поручик Бача Саралиев а, коллежски регистратор Хьайбулла Курбанов а жигара хьовзарна, дийна висина иза. Йарташкарчу цӏе йоккхучу нахах отряд вовшахтухуш ву Саралиев.
Стакана чу доьттинчу хих цхьа къурд а бина, шен дуькъачу мекхех куьг хьаькхна, йайн йовхарш туьйхира Смекаловс.
– Кхин цхьа тамашийна хӏума а хьехадо полковнико Лохвицкийс. Чӏебарлошний, церан лулахошна Іаьндошний йукъахь Шемалан заманахь кхолладелла шира мостагӏалла ду, иза жимма кӏамдича, ӏаьндой чӏебарлошна дуьхьалбевр бара, боху цо. Малхбузе Дегӏастанан начальнике, эле Накашидзега, и гӏуллакх вовшахтохахьара аьлла, дехар дича, бакъахьа хета цунна.
Александр Павлович, хьала а гӏеттина, пенах кхозучу картана тӏевахара.
– Полковникан идея вон йац, Алексей Михайлович, – цуьнгахьа схьавирзира иза. – Суна сайна а дагадеанера ишттачу йукъаметтигех пайдаэца. Шемала а шен имамаллин тӏаьххьарчу итт шарахь хаддаза дов тийсира оцу шина халкъана йукъа. Шена дуьхьалбевлларш вовшашка хьоьшуьйтуш. Мекара корта хьаха бара оцу воккхачу стеган-м…
– Вай а ца ӏийра ледара, – боккха баьккхина кӏур чу а оьзна, велакъежира Смекалов, – цхьаберш кхаьънашца оьцуш, кхиберш кхерош, йукъа питанаш туьйсуш. Со шек вац хӏинца хӏара гӏаттам а