капитано Чекуновс тӏаьхьадаьккхинчу орцано цхьаъ вийна, шолгӏаниг, лаьцна, йухавалийна. Поповн аьтто баьлла къайлавала. Лаьцначу салтичунна Недоноскин Дмитрийна таӏзардарх лаьцна хьоьгарчу гайтаме ладоьгӏур ду ас.
Флигель-адъютант, полковник Батьянов.
21-гӏа апрель, 1877-гӏа шо.
Хаси-Юрт-гӏап»
Командующин хьаьжа йуккъе шад гуллуш гиначу Смекаловна хиира хаамаш дика боцийла.
– Хӏун хилла, Александр Павлович?
– Вайн салтий нохчашкахьа ида бевлла-кх! Мятеж йолайала а кхиале, кхоъ ведда.
– Иза вай цецдовла хӏума дац. Ермоловн заманахь дуьйна схьа нохчашца хилла беха тӏом чекхбаллалц эзарнаш идда уьш цаьргахьа. Эпсарш а цхьаьна. Даьргӏана а, Бенана а уллохь салташа йехкина дийнна слободаш йара хӏетахь. Тӏе, нохчийн эскаршкахь берриг герзийн пхьераш а, артиллеристаш а бевдда бахана салтий бара. Вайна дуьхьал майра а, дера а уьш летара. Царах бисинчу новкъа бевлла-кх хӏинца вайнаш а…
– Сан сатедан, карлайоху ахь и истори? – йукъахваьккхира иза Свистуновс. – Амма ас ловр йац сайн эскарехь и анархи. Сотник, дӏайаздел. «Гуттар сиха. Полковнике Батьяновга. Лаьцначу дезертирна йерриг полкана хьалха, цхьа а суд йоцуш, тоьпаш тоха». Йаздин ахь? Шолгӏа. «Полковнике Нуриде, Долговга. 80-чу ГІебартойн гӏашлойн полкехь салтий мятежникашкахьа бовла гӏоьртина меттиг хилла. Шайх тешийначу отрядашкахь лахарчу чинашна тӏехь сема тергам латтабе. Мятежникашкахьа ойла йолуш стаг хаалахь, тӏеман законашца догӏу таӏзар а де».
Адъютант араваьлча, доккха са а даьккхина, хьаьж тӏе йовлакх хьаькхира Свистуновс.