граждански, политически бакъонашца а нисдар а лоьху оха.
3. Нохчийчохь, къаьсттина лаьмнашкахь, лаьттан мацалла хӏоьттина. Хьалха тӏом болчу хенахь гӏалгӏазкхийн дола дӏабелла станицашна оьшуш боцу, буьйш-берзош боцуш, тӏе къух даьлла, эрна лаьтта мохк, царний, тхуний нийсо йеш, бекъар, тхуна кхочург законехь чӏагӏбеш, йуханехьа тхан долабаккхар, цига йарташ, кӀотарш йахка йа, кхузара дӏа а оьхуш, иза лело бакъо йалар.
4. Хьалха тӏом болуш а, и дӏабаьллачул тӏаьхьа а ломахь а, аренца а, йарташкара дӏа а баьккхина, нохчийн эпсаршний, совдегаршний, динан дайшний совгӏатна бекъна эзарнаш десятинаш мохк хьалха хиллачу дайшна йухаберзор.
5. Пачхьалкхан долайаьхначу хьаннех халкъе пайдаэцийтар.
6. Нохчийчуьра тӏеман ӏедал дӏадаккхар а, иза граждански ӏедалца хийцар а.
7. Халкъана тӏехь латточу ӏазапан, харцонан гӏортораш, цуьнан бакъойацаран билгало хилла лаьтта Нохчийчуьра йерриг тӏеман гӏаьпнаш, эскарийн гарнизонаш дӏайахар а, цара дӏалецна дежийлаш а, цанаш а йарташна йухайерзор а.
8. Нохчашкахь герз дитар, йа, гӏалгӏазкхашкара а цхьаьна, массаьргара а дӏадаккхар.
9. Дуьхьало йоцуш Грозне, кхечу гӏаланашка а мехе, балха баха нохчашна бакъо йалар, балха бахана нохчий къинхьегаман йола тӏехь муьжгащца йа гӏалгӏазкхашца нисбар.
10. Нохчичуьнгара йа гӏалгӏазкхичуьнгара зулам даьлча, зуламхочунна цхьана законехь таІзардар, тхан йарташка текхамаш байтарца таІзаршдар дӏадаккхар.
11. Пачхьалкхна ворданашций, некъаш дохушший тхоьга маьхза болх байтар дӏадаккхар йа оха бинчу балхана нийсонца йал йалар.
12. Йарташкахь йуьртдай, молланаш, къеданаш ӏедало хӏиттор дӏадаккхар, уьш тхайгга харжийтар. Тхан йаккхийчу йарташкахь къехойн берашна деша цхьаццанхьа школаш йахкар.
Нагахь и лакхахь гайтина тхан лехамаш кхочушбан ӏедало тӏе а лацахь, цунна лераме тоьшалла а лахь, тӏаккха тхо кийча ду, герз охьа а диллина, къийсам сацо. Амма, ӏедало тхан лехамаш кхочуш ца бахь, оха дуьхьало йийр йу тӏаьххьарчу стагана тӏехӏотталц.
Имам ӏаьлбаг-Хьаьжа Алданов.
1877-чу шеран 1-ра май.
Нохчмохк»
Овхьад кехат дешна ваьлча, цхьана ханна тийналла хӏоьттира чохь.