масех гӏулч генахь севцира. Кхечарех схьа а къаьстина, жимма хьалха ваьлла векъана воккха стаг воцург, важа бисинарш беркъа бухабелла бара. Коьртахь кхакханан тиша куйнаш, тӏехь эттӏа чоэш, гӏовталш, чордачу машин хечеш, когахь неӏармачаш йа машех бина кӏархаш а болуш. Йукъахйихкинчу шаьлтанел сов, кхин герз а дацара цхьаьнггехь а. Ткъа векъаначу воккхачу стагехь атталла шаьлта а йацара.
Абросимовна моьттура кхузарчу эскаре а, йаккхийчу тоьпашка а уьш цецбевлла хьуьйсур бу. Амма иза а ца хилира. Дехьо лаьттачу гӏумкийн милцошка бӏаьрг а тоьхна, шаьлтанан макъаршна тӏе куьйгаш а дехкина, цхьацца ког хьалха а тесна, кхин бӏаьрнегӏар ца тухуш, подполковникна тӏе а богӏабелла, тӏулгах боьттича санна, севцира уьш.
– Хӏун дохьуш даьхкина шу? – хьаьжайукъ хабийна, буьрса хаттар дира Григорьевича.
Шахьболата гочдира хаттар.
– Йух-йуха а дийцина хӏун до цуьнан, Шахьболат? Тхан дагара хьуна ма хаьа.
– Хӏун боху цара? – хаьттира подполковника йуха а.
– Мятежникашца шайн хӏумма а дац, боху. Шайн йуьртара цхьа ткъех стаг бен вац ӏаьлбаган тобанца, и ткъа стаг бахьанехь шайн йуьртана зулам ма де, боху.
Шен горга ши бӏаьрг, уьш хӏор а зуьйш, баккхийчу нехан йаххьашна тӏехула кхарстийра Григорьевича.
– Іаьлбаг шун тайпанах стаг ву. Цунна тӏаьхьахӏиттина симсархой а. Шайн тайпанан стагера даьллачу зуламах хӏор а тайпано ӏедална хьалха жоп ло. Нагахь сарале аш зуламхой схьалеца ши бӏе стаг Симсара ца вахийтахь, ас Зандакъа а, Гилана а йагор йу, ткъа бахархой Сибрех хьовсор бу. Гочде царна иза.
Шахьболате ла а доьгӏна, векалшна йукъара схьавелира лекхачу дегӏара, шуьйра белшаш, дехий пхьаьрсаш, аьрру бесни тӏехь беха мо болуш къоьжа воккха стаг.
– Бехкбоцчарна таІзар дар нийсо йац, полколаг, – элира цо, шина а агӏор охкаделлачу деха-дуькъачу мекхех ка а хьокхуш. – Далла хьалха а нийса дац иза. Симсархой а, тхо а цхьана тайпанах вежарий ду. Оха йуьххьехь дуьйна а аьлла цаьрга, аш лелочух адамашна зулам дер ду, совцахьара шу. Тхо ӏаьлбагца а дац, йа уьш лоьцуш ӏедална гӏо дан а лаац тхуна. Оха и дича, вежаршна йуккъе мостагӏалла дужу. Тхо а ца хьийзош, шаьш лецийша ӏаьлбаг а, цуьнца болу нах а.
– Хӏета, лаац-кх шуна,