(Абросимовн йозанаш)
Машар лойша Кавказна… Ма лехийша
Евфрата тӏехь дуьненан йалсамани…
Иза-м кхузахь йай, кхузахь.
А. Бестужев-Марлинский
1877-чу шеран 28-гӏа апрель
Сан ирсана йа дакъазаллина, хӏара гӏаттам болалуш Нохчийчу нисвелла со. Цкъа-делахь, кхузара бакъдерг сайн бӏаьргашца гур ду суна, шолгӏа-делахь, и гӏаттам хьошуш лелочу къизаллаша халкъана йо чевнаш сан дагах а кхетар йу.
Хьалхарчу дийнахь Хаси-Юьртара отряд Аьккха йоьдуш, со цига ца ваийтира полковнико Батьяновс. Сох тешам байна кхузахь. «Якобинец», «декабрист», «революционер», «утопист» бохуш, тӏаьхьашха цӏерш техкина суна. Сайн лаамехь дӏагӏертарх гӏуллакх хир доцийла а хиъна, Владикавказе а вахана, областан начальникера пропуск йаьккхина ас, Нохчийчохь миччахьахула а лела бакъо луш. Иза а йелира суна, ас, «мятежникаш» ӏорабохуш, эскарийн хьуьнарш хестош, газеташна материалаш лур йу аьлла, тӏелацам бича.
Цкъа а ас дендоцург!
Цхьа масех стагаца Нохчмехкан хьаннашкахь, цхьанхьара кхечухьа вуьйлуш, ведда лела ӏаьлбаг.
Гӏаттам хьаьшна чекхбаьлла лерина, Владикавказе йухавирзина областан начальник. Амма Нохчийчуьра дӏа ца ваьккхина цхьа а салти.
Цигахь дан дуккха а гӏуллакхаш дисина. Таӏзарш, йарташ йагор, гӏуданаш дахар, нах лецар, уьш шайн махках бахар. И ладам боцу гӏуллакхаш отрядийн командираша шаьш а дийр ду аьлла, хета командующина.
Ӏаьлбаган гӏуллакх долийчахьана дуьйна а дара шеконехь. Амма иза оццул сиха чекхдер ду ца моьттура суна а. Гӏаттаман эшам сихбира Нохчийчоьнан чоьхьарчу хьелаша.
Хӏара ламанхой, царалахь къаьсттина нохчий, инзаре бодане адамаш ду. Могӏарчу бӏаьхойх къастам бац гӏаттаман тхьамданийн. Ӏаьлбаг ша ӏеламча ву, боху. Амма хӏун ду цо Іамийнарг? Динан ӏилма. Ткъа динан Ӏилмано, вайна ма-хаъара, мелхо а, стаг бӏаьрзе во.
Дависарг, ах мукъане а дешна белхьара! ХІокхеран берриг а кхетам бӏаьргашний, лергашний чохь боллу. Шайна гинарг а, хезнарг а бакъ хета, и шайна хьалха гуш дерг бен дуьне довзац.
Вуьшта, оьзда а, майра а къам ду иза. Нохчашна шайнна йуккъе херонаш йоьхкина ца ӏа кхузара ӏедал. И цамгар-м, дарба лелийча, йерза а тарлора.