Берхӏитталгӏа бӏе шо чекхдолуш, йа нийсса аьлча – 1781 шарахь, Нохчийчоь тӏаьххьара а, гуттаренна а карайерзо, цигахь колонизаци йолийра Россис. Тӏаккха правительствос ша царна тӏехь динарг, ас ца дийцича а, хьуна дика хаьа… Шайгара мохк дӏабаккха боьлча, оцу тӏе колонисташ хийшо боьлча, тӏаккха дуьхьало йан буьйлира уьш. И дуьхьало Мансуран заманахь дуьйна хаддаза схьайогӏу.
Ткъа вайн мундирийн моралисташа дерригенна а нохчий бехке бо. Царна вай бӏаьрга дан ца деза, уьш йамарт адамаш ду, олу. Уьш, йетташ, бойъуш, ах гергга хӏаллак а бина, цхьаберш махках а баьхна, бисинарш мацалла ле шайна аьлла, дерзинчу лаьмнашка а боьхкина, церан коча хийра гӏиллакхаш, амалш теӏо ӏедал царна хӏун аьлла дезар дара? Ӏедална уьш лара а, церан сий дан а ца хаахь, цкъа а машар хир бац цунний, ламанхошний йукъахь. Айпаш доцуш-м, дера, вац нохчо. Амма дуй дуьнен чохь цхьа а къам, цхьаъ-м хьовха, эзар а айп доцуш?
Муьлххачу къоман стагана санна, нохчочунна а лаац кхечуьнан лай хила. Ницкъ болчо ша мел бӏарзварх, корта ца таӏош, адамаллин сибатах ца вухуш, цо майра къуьйсу шен маршонехьа. Шен сий ца лахдан, цхьаннан лолли кӏел ца вожа, вала лаьа цунна. Ӏожаллех кхерац иза. Ша эшча, тоьллачуьнга собаре хьоьжу иза. Амма цунна хьалха текхац, цуьнга къинхетам а ца боьху.
Тӏом болчу хенахь бӏеннаш оьрсийн салти уьдура Нохчийчу. Хӏунда? И нохчий къинхетаме а, тешаме а, оьзда а адамаш хиларна. Шайн даймахкахь таӏийна, гатвина, бӏарзвелла, ӏазапех ведда веана муьлххачу а къоман стаг, иза бусалба, керста вара ца бохуш, шайн ваша вой, тӏеоьцура цара. Бевдда шайгахьа бевлла салтий дӏабоьхуш, вайн командованис хийлазза ультиматум хӏоттайора церан йарташна хьалха: йа салтий схьало, йа шаьш йарташ хӏаллакйо шун, олий. Амма, шайх тешна, шайгахьа бевлла и салтий инарлашка дӏа а белла, и йамартло ца йан, шайн йарташ йагайойтура нохчаша.
– Нохчий къиза, стешха, йамарт адамаш ду бохуш, эладитанаш леладо. Уьш нийсса харц хабарш ду. Нохчочо атталла шайн да вийна мостагӏа а ца вуьй тешнабехкца, къиза. Ша цунна тӏекхачахь, цуьнан карахь герз дацахь, иза а ца вуьйш вуьту. Ша вийначу шен мостагӏчун дакъа шайн къоман гӏиллакхехь