дича, йукъараллин дахарх цуьнан кхетам лахара хилац вайн йуккъерчу губернешкарчу муьжгийчул. Хӏетте а, тамашийна хӏума дай хӏара-м, изза господин Семенов тешна ву и нохчий уггар акха, уггар къиза адамаш хиларх! И тайпачу нехан бехачу меттанаша зуламе тӏаьхье йуьту, мел халахетахь а. Оцу хабарша вайний, кхузарчу къаьмнашний йукъа цабезам буллу.
– Иштта, вовшашлахь вон йукъаметтигаш а йолуш, цхьана пачхьалкхехь, цхьана махкахь даха деза-кх вай? – хаттаделира соьга тӏаьххьара а.
– Ца даьхча довлац, – элира Василий Ивановича.
– Уьш нисйан некъ бац ткъа?
– Некъаш-м бу, амма и гӏуллакх сатийсам а хилла схьадогӏу-кх.
– Бехк ма биллалахь, Василий Иванович, со ца кхета ахь аьллачух.
Сан къамелхо, соьга а хьаьжна, гӏийла велакъежира.
– Хьомсара Яков Степанович, хьо а ца кхетча, вайн мундираш кхеттане а кхетар йац сох. Ас хьалха а элира, моьтту суна, вайний, ламанхошний йукъара цабезам хӏокху тӏаьххьарчу шерийн, йа, нийсса аьлча, вайн правительствон политикин стом бу. Вайн ӏедал кхуза кхаччалц, луларчу гӏалгӏазкхашца цхьана-шина бӏе шарахь дукхе-дукха бертахь баьхна нохчий. Вовшашна тӏе хьошалгӏа а боьлхуш, гергарлонаш а лелош, вовшийн дика гӏиллакхаш дӏа а оьцуш. Хӏетахь оцу гӏалгӏазкхашна йукъахь пурстоьпаш, исправникаш, кхиболу чиновникаш, доцца аьлча, вайн ӏедал дацара. Оцу шайн луларчу гӏалгӏазкхийн йуьхьца вайн оьрсийн халкъ гора нохчашна – машаре, тешаме, догдика. Амма ца хаьара оьрсийн пачхьалкхан ӏедал къиза дуйла, цо оьрсийн халкъ инзаре доккхачу ӏазапехь далладойла. Тӏеман хьалхарчу шерашкахь а ца хийцайелира шиний агӏорчийн и дог-ойла. Хӏетахь кху Кавказе тӏаме богӏурш витязаш ма бара. ХІокху лаьмнийн сирачу баххьашкахь бехачу шаьш санначу майрачу витязашца майралла а, къонахалла а, хьуьнарш а къуьйсуш хилла. Оцу нохчаша шайн маршонехьа бакъонца къийсам латтабой а хууш. Царах дог а лозуш. И салтий шаьш а ма бара ӏазапехь. Тӏом чекхбаьлча, дерриг хийцаделира. Тӏамо а, замано а дӏабехира шиний агӏорхьарчарна йукъара и оьзда витязаш. Мансургӏеран, Бийболатгӏеран, Шоӏипгӏеран, Эскагӏеран, Тӏелхагагӏеран меттигаш дӏалийцира вайн ӏедало хӏиттийначу